ӏалашонна гӏовтта ма деза, ӏаьлбаг. Ахь дийцарехь, адам ӏедална дуьхьала гӏатта кийчча ду, ткъа тхьамданаша билгалбина цхьа а тайпа некъ бац.
– Иза а ду бакъ, – тӏетайра Іаьлбаг. – Цхьа Іалашо йоцуш шен цӏа чуьра ара а ца волу стаг. Доцца аьлча, халкъана маршой, латтий оьшу. И йу сан ӏалашо.
– Паччахьан ӏедал дӏа ца даьккхича, вайна хир дац и ший а, – гӏайгӏане вела а къежна, корта ластийра Берсас. – Вайл иттаза алсам дерш, вайл бӏозза кхиъна, кхечу пачхьалкхашца йаккхийра зӏенаш йолу къаьмнаш а цуьнан ӏазап кӏел сауьйзуш ӏа. Уьш гӏуьттуш, паччахьан эскарша церан шайн цӏийла а таӏадой, совцуш. Ткъа вайн къам жима хилла ца ӏа, гуттар а бодане, тӏаьхьадисина ду.
– Хӏета, къийсар эрна ду, боху-кх ахь?
– Хӏан-хӏа, ца боху, – корта хьовзийра Берсас. – Дуьхьалоно бен эшор йац харцо. Вай вешан бакъонашкахьа къийса деза. Иза хила йеза вайн хьалхара ӏалашо. Ткъа ахь йуьйцу, хьуна йеза йуьззина маршо вайн цхьана къоме шенна йаккхалур йац, ӏаьлбаг, дерриг къаьмнаш цхьаьний ца гӏевттича.
Голаш мара а оьзна, ӏаьлбаг вехха ӏийра ойла йеш.
– Цуьнан ойла йина ас, Берса, – элира цо эххар а. – Суна диц ма ца делла со жима волуш ахь а, Маккхала а дийцинарг. Цундела вайн байракхна кӏел хӏокху мехкан дерриг къаьмнаш кхайкха лаьа суна. Бусалба а, керста а ца къестош. Маршо йезарг массо а. Абхазошций, саношций, тушошций барт хилла тхан. Муьжгий кху агӏор мел кӏезиг белахь а, уьш тхайца хирг хиларе догдоху ас. Гӏалгӏазкхашний, гондӏарчу къаьмнийн элашний, вайнехан эпсаршний, динан дайшний паччахьо белла мохк хӏокху махкахь дехачу дерриг адамашна – бусалбанашна а, керстанашна а – нийсо йеш, бекъар ду суна луург. Иза тоъал болуш ма бу, массарна кхачо йича, биса а.
ХІокху шинна хаа а ца хууш, де суьйренгахьа лестира. Малх охьакарча баьлча, тІуьно мох хьекха буьйлира тогӏица хьала. Кхидӏа арахь висар цамгарна кхераме дерза тарлора. Хӏусамнанас цкъа-шозза мохь тоьхнера, кхачанна тӏе кхойкхуш. Хӏара шиъ шаьш витина вахана Къайсар а, дан хӏума доцуш, сагатлуш, говрашна гонах хьийзаш вара.
– Хӏинца чугӏур ду вай, ӏаьлбаг. Шело лалац сан дегӏе. Вайшинна йуха маца гур а, гой а хаац. Цундела сайн лаам хьоьга дӏахьебан лаьа суна. Ахь дийцарехь а,