воккха-жима ца къеставо. Ткъа тахана хьуна хьалха хӏоьттинарг хьан жимачу кӏентан хенара Олдаман ӏаьлбаг вац, ткъа Нохчмехкан, Чӏебарлан, Аьккхан йартийн тхьамданаша шайн йартийн цӏарах имам хаьржина стаг ву. Оцу дийнахь дуьйна сайн ден-ненан кӏант, вежарийн ваша а, доьзалан а, сайн дегӏан а да вац со. Сан схьавар халкъан цӏарах ду, ас йен йолу кхел а халкъан цӏарах хир йу.
Шуьйра, йеха маж некха тӏехь шалха а кагйина, корта а таӀийна, ши бӏаьрг нийсса хьалха а боьгӏна, ладоьгӏура ӏуммас.
– Со кхета хьох, ӏаьлбаг-Хьаьжа. Ас лайнарг ду хьоьга кхаьчнарг.
Бехкбоккхуш ӏумме а хьаьжна, корта ластийра Іаьлбага.
– ХІан-хӏа, Іумма-Хьаьжа, тахана соьгахь болу бала хилла бац хьоьгахь. Хьо гӏаттамна коьрте хӏоьттинчу хенахь хьо, Шемалан заманахь тӏемало, наиб лаьттина, дуьне девзина, тӏамехь вахчавелла, кхузткъа шаре гӏоьртина стаг вара. Хӏетахь хьуна уллохь бара цӏарна а цӏейахана бенойн Бойсагӏар а, шотойн Атаби а. Хӏетахь хьуна дагавала дийна бара шелахойн Тӏелхаг, мичкахойн Саьӏад, Эски. Шу кхаанна хьехамчаш бара гатийуьртахойн Аьрзу, Маккхал, шелахойн Берса. Ткъа со, ӏумма-Хьаьжа, шуна хьалха бер ду. Цкъа а тӏеман кӏуьрах хьожа а баккхаза, ткъе йалх шо хенара. Цул сов, хӏара зама а, къийсаман ӏалашонаш а кхин йу. Шемала бусалба динехьа къийсаме кхойкхура халкъаш, ткъа тхан къийсаман хӏумма а дац динца. Оха лаьттехьа, маршонехьа къуьйсу. Массо а къаьмнийн. Муьлххачу динехь уьш делахь а. Со имам кхайкхочу дийнахь ас ма элира, со жима ву, дуьне довзаза ву, халкъана вевзаш вац, ӏумма-Хьаьжа йа Солтмурд харжийша аьлла. Йартийн тхьамданаша соьга ла ца дуьйгӏира. Ахьий, Солтмурдий гӏо дийр ду аьлла, тешийра. Солтмурда, шен са ца кхоош, гӏуллакх до. Ткъа хьо хӏокху лаьмнашка а лечкъина ӏа. Кху лаьмнийн лакхенгара охьахьаьжча, гац-те хьуна сийначу цӏарах йогу Нохчмахка, ца хеза-те хьуна цигарчу зударийн, берийн белхаран маьхьарий? Йа цӏарна а цӏейаханчу майрачу нохчийн кӏентан ӏумма-Хьаьжин даг чу кӏиллолла йоьссина-те? Йа айхьа кхузткъе итт шарахь халкъана дӏаделла, цунна тешаме гӏуллакх дина хьайн дог йуханехьа схьаэцна, паччахьан хьаькамашна доьхки-те ахь? Жоп ло халкъана, Дуин кӏант Іумма-Хьаьжа.