хьоькхуш, дӏасауьдучу зударша а жоп ца лора. Уьш а бара шайн-шайн бохамаша бахьийна. Йогучу цӏергахула цӏа чу иккхинчу нанна товханна чохь, мар-мара а хьаьрчина, горгделла ӏуьллуш карийра йоӏ а, кӏант а. Даьгна а дацара и шиъ. Дийна ду моьттуш, хазахетта, ши бер цхьацца пхьаьрса кӏел доьллина, цӏеро йуьхь морцуш, араиккхира нана. Кертан ара охьа а диллина, меттахъхьадича, дист ца хуьлура и шиъ. Ӏаьржачу йаххьашна тӏера цуьнга хьоьжура, кхерабелла къаьрзина, ангали санна, хӏоьттина биъ бӏаьрг. Маьхьарца и шиъ дӏасакерчадора нанас. Амма ши бер дист ца хуьлура. ЦІе тӏекхачале, кӏуьро а, йовхоно а садукъийна дийнера и шиъ.
Мархас мохь ца хьаькхира. Орца а ца дийхира. Кийрара арагӏоьртина мохь сацийра цо, бухара балда цергашна йукъа а къевлина. Бӏаьргех къоррам масех тӏадам ледира. ТІаккха, айъина, цхьацца дуьгуш, бераш беша а дигна, кхуран дитта кӏел ул-улло охьа а дехкина, шен коьртара даьккхинчу корталица цаьршиннан йаххьаш дӏахьулйира цо. Оцу дийнахь дӏа ца доьхкира бераш. Майра цӏа варе хьаьжира иза. Амма иза цӏа ца веара оцу дийнахь. ШоллагІчу дийнахь дакъа далийра цуьнан. ДІай йохош, цигахь вийнера иза а.
ШоллагІчу дийнахь, кхо дакъа дӏа а доьллина, йаьгначу керта йирзира Марха. Нах а, зударий а кадам бан оьхура. Нахана кхин а баккхий бохамаш хилла бохуш, дог тедан а гӏертара уьш. Амма Мархин дог ца туьйра цара дуьйцучух. Цуьнан коьрто цхьа хьере ойла йора. Сацам лоьхура. Цо иза тӏеийцира кхоалгӏачу дийнахь. Шен майрачух дисина герз а эцна, Іуммина тӏаьхьайахара Марха.
Хьехахь бехачу нахана кхача а кечбора цо, церан бедарш а летайора. Цхьаьнцце къамеле а ца йолура. Шега хаттар дича, доцца жоп а лой, дӏатуьйра. Кхин дан гӏуллакх ца хилча, божарша санна, шен топ цӏанйора, наггахь, йуьстахйолий, нийсалла топ а кхуссий, йухайоьрзура. Цкъа ларамаза цунна тӏеӏоттавеллачу Дадина, топ мара а къевлина, тийна йоьлхуш карийра иза…
Дада хьехан бертехь тӏулга тӏе хиъна ӏара. Вехха хьийжира иза чубузучу малхе. Хӏинца седарчий а гучудевлира стиглахь. Лаха чохь, хьаннашкахь, цхьана экханан бага йаханчу пхьагалан орцане мохь беара цуьнан лере. Зуькаран сингаттаме мукъам болабелира хьехахь. Оцу