– Бераш, таханенна тоуьйту вай, – аьлла, мутаӏеламаш паргӏатбитира цо…
2
Ӏаьлбагна чӏогӏа лаьара шен хьуьжарерчу берашна дуьненан Ӏилма Іамо, царах, Берса санна, хьекъал а, кхетам а болуш адамаш дан. Амма иза хьехочохь а дацара. Иштта уьш хьан ӏамор бара, Берса саннарш Нохчийчохь шиъ-кхоъ бен ца хилча? Цундела ӏаьлбаган сацам хилира, берашна дуьненан халкъех лаьцна а, уггар хьалха церан шайн халкъах лаьцна а шена хуург хьеха. Цкъацкъа гондӏарчу йарташкара илланчаш а, Сибрехахь хилла нах а балабора цо, цаьрга шайна гинарг а, хезнарг а берашна дийцийта. Цкъа Гати-Юьртара Васал а валийра – ведда веанчу оьрсичух хилла нохчо.
Цундела мутаӏеламаш цуьрриг цец ца бевлира, дечиг-пондар карахьчу бӏаьрзечу илланчин Хьамзатан куьг а лаьцна, шайн молла тахана неӏарх чоьхьаваьлча.
– Ассаламу ӏалайкум! – салам делира Хьамзата, шен бӏаьрзе ши бӏаьрг берашна тӏехула дӏа а боьгӏна.
Берашлахь воккхачу Марвана салам схьаийцира.
Ишттачу дийнахь къамел а, дегӏан куц а, духар а кхечу тайпана хуьлура Іаьлбаган. Тахана цунна тӏехь даточу бустамашца ӏаьржачу машин чоа а, йукъахдихкина кхелина доьхка, шаьлта, коьртахь дашо бос беттало боьмашчу холхазан лекхо куй бара. Шен ӏаьржа бӏаьргаш берашна тӏехула а кхарстийна, даим санна, и велакъежча, цуьнан горга, ӏаж санна, йогучу цӏечу беснеш тӏехь кІаьгнаш хӏиттира.
– Массо вуй тахана?
– Ву, – жоп делира Марвана.
– Делахь, дӏадаханчу кӏиранах виссинчуьра дӏаволалур ву со…
Бӏаьрнегӏар ца тухуш, леррина ладоьгӏура бераша. Генна хьалхалерчу заманашка дӏадигира уьш ӏаьлбаган сингаттамечу дийцаро, ламанхоша лайна халонаш а, гондӏарчу хьоладайша а, паччахьан ӏедало а царна тӏехь латтийна къизаллаш а гойтуш… ХІетталц кора уллорчу бӏаран диттах жигара зӀок йетташ хиллачу хенакӏуьро а шен болх сацийнера.
– И дерриг кхин лан а ца делла, шен маршонехьа гӏеттина хилла вайн халкъ, – дуьйцура цо. – Цуьнан коьрте хӏоьттина Алдара Ушурма, Шайх Мансур аьлла цӏе йахана. ДІа ойла йича, йа шайх а, йа молла а-м муххале а ца хиллера иза, атталла хӏинца шуна хуу йоза-дешар хууш а ца хилла. Амма цунна тӏаьхьахӏоьттира вайн халкъ. Нохчий хьовха, уьш