– Хӏун элира ахь?
– Мезийн тӏуьйлиг!
– Хьан хила хьайн исс эзар дена неӏалт, зуьдо дина зуд!
– Хьан хуьлийла хьайн итт эзар дена неӏалт, хьанах даьлла ца хуу къотӏалгӏа дина къутӏа!
Мохьмада, разваьлла ластийна, йерзинчу настарх гӏаж туьйхира ӏабдина.
– Дӏаэца хьайна, айкхах йаьлла айкх!
ТІера охьа а кхевдина, Мохьмадан логах хьарчош, буткъа пхонан сара а тоьхна, говр дӏаэккхийта гӏоьртира ӏабди. Амма Мохьмада, цхьа ког лаьцна, озийна чу а вожийна, йуккъе тӏе а хиъна, буй уьйзира цунна. Мохьмада тӏейетташ, ӏабдис бухара хьалайетташ, ченан уьйриг хилла хӏара шиъ керчаш, мичара вели ца хууш тӏевеанчу ЧІонакъас, лерг лаьцна, озийна ӏабдина тӏера а ваьккхина, тӏара тоьхна бӏаьргех суйнаш тасийтира Мохьмадна.
ЧІонакъа тӏекхаьчча майраваьлла ӏабди, хьала а иккхина, йуьстахкхоссайелла гӏаж схьа а эцна, тӏехьаьдира. Мохьмадан бӏаьрса йухадерзале, пхьаьрсах а, коьртах а шозза гӏаж туьйхира цо. Амма меттавеанчу Мохьмада, хьовззийна цуьнан карара гӏаж схьа а йаьккхина, ницкъ ма-ббу ластийна, пханаршна тӏе тоьхна, бежанан санна, мохь балийтира цуьнан. Ӏабдел тола воьлча, хьоьжуш лаьттинчу Чӏонакъас тӏара тоьхна Мохьмад ченахула дӏа а карчийна, цхьанна ша гахь а аьлла, меллаша тоьттуш, цӏехьа хьажийра ӏабди.
Мохьмада, хьала а гӏеттина, шена тӏера чан охьа а йегийна, йуьхьах куьг хьаькхира. Куьйга тӏехь цӏий гича, хиира цунна шен йуьхь ӏабдис мІараш тийсина йеринийла.
– Собарде ахь, зуд, со кхечахьа тӏекхочур ву хьуна! – тӏаьхьа мохь туьйхира цо ӏабдина. – Ас йийр йу хьан болх!
– Дӏадала, къутӏа! – тӏеволавелира Чӏонакъа, тӏара тоха куьг а айбина.
ДІаиккхина Мохьмад, масех гӏулч гена а ваьлла, болар лагӏдина тӏаьхьа а хьоьжуш, лен велира.
– Хортӏин цІоганах мотт хьоькху зуд! – мохь туьйхира цо ша ЧІонакъа тӏе ца кхоче ваьлча. – Собарде аш, салтийн лайш! Уьш дӏабахийта аш, оха кӏур бойъур бу шун!
Оьгӏазвахана Чӏонакъа шена тӏаьхьахьаьдча, кертах дехьа а иккхина, бешахь къайлавелира Мохьмад. Ши беш хадийна, цхьана жӏаьлех а, йешапах терачу Ресехьатан сардамех а ведда, ӏина чу а воьссина, йуьхь а, корта а дилина, шен доттагӏ Аьрсамирзин Эламирза волчу вахара иза.
Уьйтӏарчу туьрка кӏел цхьа