гӏирсаца кечбина кхоъ дин. Царна хьалха йол йуьллуш воллура Іаьлбаган жимахволу ваша – пхийтта шо хенара Зеламха. Ӏаьлбаг гучуваьлча, бага а гӏаттийна, беха цӏен мотт баьккхина, дуьхьал а хьаьдда, лергашший, цІогий хадийна месала доккха жӏаьла, качделла, кхийссалуш, гонах хьаьвзира.
Текх, цаций карахь йалтадухкурга чуьра арайаьлла йогӏура ӏала-Мохьмадан зуда. Бисина несарий а бара хьешашна кхача кечбан бетталуш.
Ден цӏеношкахь, хьешан цӏа чохь, баьрчехь ӏен бенойн Солтмурд а, корехьа хиъна Олдам а карийра Іаьлбагна. Неӏарехь ирахь лаьттара Чеччалхара Къосаммий, Нурхьаьжий. Салам делла, куьг лоцуш, хьешашка маршалла а, цӏера хьал-де а хаьттина, дуьхехь сецира ӏаьлбаг.
– Охьаховшал, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – элира Солтмурда. – Оха бехк буьллур бац шуна, баккхийниш болчохь охьаховшарх. Ирахь лаьтташ дийца дукха ду вайн хабар.
Лохий, биъ ког болу гӏанташ кӏел оьзна, гӏиллакх лоцуш, неӏарехь охьалахвелира уьш кхоъ. Солтмурда йайн йовхарш туьйхира. ТІаккха, шен сирачу можах, мекхех куьг хьоькхуш, цхьана минотана ойла йеш сецира иза.
– Хьо Бенахь хиллачул тӏаьхьа, вайн масех стаг со волчу кхайкхира ас, – долийра цо. – ЦІоьнтарара Сулиман, Тӏуртӏин-Кӏотарара Тозуркъа, Гуьнара Гӏубха, Акхташ-Эвлара Янгӏулби, Тевзанара Лорса-Хьаьжа а. Уьш дӏабахча, веара Іумма-Хьаьжас ваийтина Зумсара Залмин Дада а. Доцца аьлча, вайн берриг бартахошца йа цара векалш бина бахкийтинчаьрца къамел хилла сан.
ХІокху тӏаьххьарчу шийтта шарахь дукха хийца ца веллера Солтмурд. Кхузткъе итт шаре хьалаваьллехь а, цхьа а церг ца телхинера цуьнан. Дегӏ а дара, гӏаргӏа санна, нийса. Хьажар а – ира, майра. Йеккъа цхьа къоьжалла йара цуьнан дегӏаца хийцамаш бинарг. Схьахетарехь, иза сирвинарш цуьнан коьртехь йиллина дӏа лаьтта къармазе, карзахе ойланаш йара. Мацах цкъа Шемалан лахарчу бӏаьнчех цхьаъ вара иза, тӏаккха Бойсагӏар имам ваьлча – цуьнан хьалхара гӏоьнча. ХІокху Нохчмахкахь ӏедална дуьхьал долийначу девнан жигарчу куьйгалхойх цхьаъ хуьлий дахӏутту иза, ӏедалан кара ца воьдуш, даима таӏзарх хьалхаволура. Бойсагӏар йийсаре лоцучу дийнахь а, го а хадийна, кӏелхьарвелира иза шен вешица Муница.