Азаллехь синош кхуллуш Дала цӏе тоьхнарг бен, адамийн паччахь хила йиш йац… – дека Товсолтин аз. – Тахана вайна тӏехь паччахьалла деш волу Элксандар Дала хӏоттийна ву, цуьнан гӏоьнчий, областан хьаькам, окурган хьаькам, пурстоп, хӏара вайн йуьртда Хортӏа – берриг а Делан лаамца лелаш, вай лера безаш, вай сий дан дезаш нах бу. Цара дӏакхоьхьу ӏедал Делера ду. Цара ден таӏзар а, цара бен къинхетам а Делера бу. Цаьрца къуьйсург, церан лаамна дуьхьалваьлларг Делаца къуьйсуш ву. Оцу стаге кханалерчу эхартан дийнахь хоттур ду, йа ибн Адам, хӏай Адаман бер, Ша хьайна тӏехӏоттийначу ӏедална, Іедалан дайшна дуьхьал хӏунда ваьллера хьо, Ша хьайна белла кхоллам хийца хӏунда гӀиртира хьо, Шеца хӏунда къийсира ахь аьлла…
– ОстагӀпираллахӏ!
– …Йуха а хоттур ду Дала, йа ибн Адам, хӏай Адаман бер, азаллехь Ша синош кхуллуш хӏор а синна цо доьххург рицкъа деллера Ша, цхьадолчарна – кӏезиг, кхечарна – дукха. Ша, хьо реза а веш, хӏетахь хьайна деллачу рицкъанна реза а ца хилла, дуьненахь нехан мулкана тӏе куьйгаш хӏунда кховдийра ахь, Ша толийнарг эшо хӏунда гӏоьртира хьо аьлла… Дала хьукма дийр ду гӏопал хиллачу, ӏесабевллачу нахана тӏехь, уьш итт эзар, бӏе эзар шерашкахь жоьжахатин цӏергахь багор бу…
– Дала лардойла вай цунах!
– Амин!
– Делан лаамна дуьхьалбевлла, Дала бихкинчу новкъа бевлла, Дала хӏоттийначу паччахьна, Дала цуьнга доссийначу ӏедална дуьхьал гӏеттина Симсарарчу Олдаман Іаьлбаг а, цуьнца берш а. Іаьлбаг ӏеламстаг ву, хьаьжа ву, олу наха. Иза бакъ дац. Стагера ӏилма а, хьекъал а шина тайпа ду. Делерий, шайтӏанерий. Делера долчу ӏилмано адамашна пайда ло, уьш шарӏан новкъа буьгу, зуламах, хьарамчух ларбо, хьаналниг хьоьху. Ткъа шайтӏанера долчу ӏилмано стаг зуламна тӏетоьтту. Ӏаьлбаган Ӏилма шайтӏанера ду. Иза а, цунна тӏаьхьара ӏеламнах а тиларчу бахана нах бу. Уьш бахьана долуш маситта йурт йагийна, бӏеннаш адамаш дайъина, бӏеннаш доьзалш, цӏа-цӏе доцуш, рицкъанах хаьдда лела. Оцу зуламхочунна тӏаьхьахӏиттина вайн йуьртахой Къайсар, Янаркъа, Аьрсмирза, Акхта, кхин, кхин а…
Хьалхарчу могӏаршкахь йуха а гӏовгӏанаш йевлира:
– Дала хӏаллакбойла уьш!..
– …Дала царна тӏехь хьукма дийр ду,