Васала доккха садоӏу.
– ХІаъа, Мӏаьчиг. Вайша санна, къена, декъаза ши сту.
Кора тӏе тоьпаш йетташ, гергатекха салтий.
ТІехьара пен цаца санна бина.
– Доладехьа, Васал.
Васалан йуьхьа тӏера мархаш дӏасайаьржа. Серлабовлу бӏаьргаш а. Хьурмате йекхало йуьхь. Йишхаьлла дека мацах цкъа бархатах кӏеда, мукъаме хилла аз:
Тхо цкъа а цхьанне а
Къарделла, совцур дац.
Маршо йа ӏожалла –
Шиннах цхьаъ йоккхур йу.
Бӏаьстенга тхаьш довлахь,
Цу кхахьпа элашка
Ӏаьржа цӏий тийсийта
Делах дуй биъна ду…
Мӏаьчиган аз тӏаьхьадагӏац, амма, лере куьг а диллина, мохь туххий тӏаьхьара олу цо:
Мацалло хьовзадахь,
Орамаш дуур ду.
Хьогалло тхаьш бӏарздахь,
Бецан тхи мийра ду.
Цу лаьмнийн хьехнашкахь
Шах цӏераш летор йу,
Тхайн таррийн йуьхьгашца
Уьш марсайохур йу!
– ХІойт! Гора, Васал, йаӏ!
…Хӏоьънаша зарзйина
Тхайн чорда башлакхаш
Къоначу воӏарийн
Белшаш тӏе туьйсур йу!
– Маршо йа Іожалла!
…Мостагӏех летачохь
Ӏожалло тхаьш лецахь,
Тхайн метта дӏахӏиттар
Царна тӏедуьллур ду!
Салтий иттех гӏулч гергатекхна. Цхьаберш, го тесна, тӏехьа бевлла. Хӏинца миноташ бен ца йисина.
– Вайшиннан шаьлтанаш аьрта-м йу, Васал.
– Цӏий Іано ца лелийнера вайша уьш, МІаьчиг.
– ТІедеа-кх хӏара.
– Тӏедеа.
Шиммо а баттара йоху шаьлтанаш. ЦІенкъа охьайужу суйнан метта лелла хьаьжкӏан ши тхьум…
– Илли доладехьа, Васал. Къонахийн илли.
Васала, йовхарш тухий, аз тодо:
…Болатан шаьлтанаш
Баттара йаха вай!
Къизачу мостагӏийн
Догӏмаш тӏехь кегйе вай!
Мӏаьчига, гӏуй дӏа а боккхий, цӏеххьана озайой, неӏ йоьллу.
Буьрсачу тохарца
Кхолха го хадабай,
Мостагӏийн декъаш тӏехь
Ваьшна некъ билла вай…
Ши доттагӏ тӏаьхьий-хьалхий араоьккху. Амма, ши гӏулч а йаккхале, мостагӏийн дӏаьндаргаша цаца бо цаьршиннах, буйнара охьаоьгу мекхаша йуьзна аьрта шаьлтанаш. Вовшийн мара а кхетий, меллаша охьавоьду и шиъ. Кӏоргге хьех чу эгначу къеначу бӏаьргашна тӏехула ӏожаллин дохк хӏутту. Амма йаххьаш хьурмате йекхайелла…
– Гора, Васал, йаӏ…
– Воха ма… вохалахь… Мӏаьчиг…
Тӏаккха мар-марахь дӏахаьрца бӏаьхаллин къена ши доттагӏ, цӏе тоьхна вежарий. Ткъе пхийтта шо хьалха ведда нохчашна йукъавеана оьрсийн салти, нохчаша Лапин кӏант Васал аьлла цӏе тиллина Тамбоверчу ахархочун кӏант Лопухов Василий а, гатийуьртахо Маьнтикан Мӏаьчиг а.
Маршонан кӏентий…