тІегӏоьртира Оьздамар. – Къосамгӏар цӏахь бу тховса, уьш леца салтий бахкийта аьлла, вохуьйтуш вацара хьо?
– Вацара.
– Ой, тхуна ма дийцина иза хьан а, хьан ден вешин а оцу къамеле къайлах ладоьгӏначо?
Тохтарха вист ца хилира. ТІаккха хьалагІеттира Нурхьаьжа.
– Ца дуьйцу ахь? – хаьттира цо, Тохтарханна мера кӏел а вахна.
– Суна хӏумма а ца хаьа.
– Дика ду хӏета. Вай, регӏа а девлла, къамел дийр ду хьоьца. Дадаш, хӏара а эций, дӏаволалол. – Тӏаьхьа а сецна, Къосаме лохха вистхилира Нурхьаьжа: – Сихха гӏой, лаций, Хайрулла цхьанхьа чуволла. Хӏара вайн карахь вуй а ма хаийта цхьаьнгге а.
Йуьртан урамашкахула дӏавуьгуш, цкъа ойла хилира Тохтарханан орцане мохь ала. И ойла хийцийтира, ший а зӏок кӏегара хаийна, шалгочу тапчанан йуьхьиг цуьнан пханарш йуккъе хӏоттийна, тӏаьхьавогӏучу Дадаша. Ткъа Тохтархас вистхилла йа йуьстах гӏулч тесна хӏума дахь, цо и ший биргӏа тӏейассориг хиларан шеко ма йац. Хӏара дуьххьара вуьйш ма вац цо. Цул а кхераме вара хьалха воьду Нурхьаьжа. Цунна герз ца оьшу. Цуьнан буйно а чӏапбийр бу корта.
Эвла йисттера цӏа тІаьхьадисча, цуьнца шен са дуьсуш санна хетаделира Тохтарханна. Хӏун дан воллу-те хӏара шиъ? Кхеро гӏерта-те йа вен воллу-те? Баккъал а, цхьамма ладоьгӏна-те ден вешин а, цуьнан а къамеле? Ла а доьгӏна, мотт баьхьначух тера ду. Иштта ца хилча, новкъахь кӏело а йина, хӏара схьалоцур ма вацара. Йухагӏертарх гӏуллакх хир дац. Тоьхна вуьйр ву. Цуьнан-м шеко ма йац. Хӏара ден ваша цхьа адам хилча-м, бӏаьрнегӏар а ца тухуш, вала а дацара хала. Ткъа иза-х дуьххьалдӏа хьакха йу. Къорам ву, кхин хилча ца маггал. Сутара ву, хӏара дуьне дІахуьйдича а, вузур воцуш. Тохтарханна ма хаьа билтойн Шахьболатехулий, Умалхьатехулий цо йоьзна пурстоьпаца къайлах зӏенаш. Цара тӏедилларца, хӏара чеччалхой ӏаьлбагна дуьхьалбаьхний а хаьа. Гендарганойн Гати-Хьаьжас а, чеччалхойн ӏаьмархана а, цо а барт бина Къосам а, Нурхьаьжа а вен. Маситтаза а кӏелонаш йайтина. Пурстоьпо Хайруллина шозза делла ахча схьадеанарг а хӏара Тохтарха ма ву. Иза Чири-юьрта, Гати-Юьрта, Шела хӏунда вахана а ма хаьа. Хаьа, амма уьш дийца йиш йац. Хьакха йелахь а, ден ваша ма ву иза.
Тохтархас чӏагӏо йора дош ца