Суьйранна тӏеман кхеташо гулйира Свистуновс. Ведана баьхкира Лохвицкий, Ломносский, Авалов, Шахназаров, Верховский. Александр Павловича доцца дийцира оьрсийн-туркойн шина а фронтехь хӏоьттина хьал. Тӏаккха Россин арахьарчу йукъаметтигаш тӏехь сецира.
– Цхьана йукъана Жимачу Азехь вайн хилла эшамаш дӏабевлла. Шиний фронтехь хьалхатеӏа вайн эскарш. Амма кхиам генахь бу, Турци эша йоллийла хиъча, гӏуллакхна йукъагӏоьртина Англи. Мальте десанташ йиссайо цо. Безикски заливе шен флот оьзна. Нагахь вай Константинополь дӏалацахь, вайца тӏом боло кхерам туьйсу. Австрис а хаийтина ша Англина гӏодийриг хилар. Дика дац империна чоьхьара хьелаш а. Массо а йаккхийчу гӏаланашкахь белхалоша дуьхьалонаш йо ӏедална. Даррехь революцин ун гучудаьлла. Ӏедална дуьхьал къайлах масех организаци кхоллайелла. Масех губернехь муьжгийн болам бу. Тахана Россин арахьарчуй, чоьхьарчуй гӏуллакхашна йукъахь доккхачу маьӏнин меттиг дӏалоцу Нохчийчоьно. Цкъа-делахь, Закавказьен фронт Россица цхьаьнатосу лаьттаца цхьаъ бен боцу некъ Нохчийчухула бу. Нохчаша муьлххачу хенахь а и тӏеман коммуникаци сацо тарло. Шолгӏа-делахь, кху лаьмнашкахь вайна дуьхьал болу къийсам даим а хӏокху Нохчийчуьра дӏаболало, кхузара дӏабаьржа иза кхечу областашка. Изза хилла хӏинца а. Гӏаттам Дегӏастана баьржина. Цигара дӏа суйнаш мича оьгур хаац.
Ши куьг букъа тӏехьа а диллина, меллаша ког боккхуш, чухула дӏасаволавелла лелачу Свистуновс, стоьла уллохь сецна, Смекаловна хьалха Іуьллучу гӏутакх чуьра эцна цигаьрка, муштукх чу хӏупъаьлла, бага йоьллира. Хьалаиккхинчу эло Аваловс латийна сирник мера кӏел йаьхьира цунна.
– Амма Дегӏастанара гӏаттам кхераме бац, – элира Свистуновс, боккха баьккхина чоьзна кӏур меллаша дӏа а хоьцуш. – Нагахь нохчий доккха цхьа къам делахь, хӏокхеран къийсам латто ӏаламан а, экономикин а хьелаш делахь, уьш цхьа а дац Дегӏастанахь. Шайн меттанаш, амалш, гӏиллакхаш долу ах бӏе сов цигара бес-бесара кегийра къаьмнаш цхьаьнакхеталур дац, кхетахь а, уьш вовшехдаха хала хир дац.