Овхьадан доладора. Овхьадна хаа а ца делира ваша воккха хуьлуш, цуьнан амалш хийцалуш. Владикавказехь шаьш доьшуш, Овхьад дукха гонах а ца хьийзара вешина. Овхьад виллина дешаро дӏалаьцна вара.
Амма цигара шаьшшиъ цӏа вирзича, хиира Асхьад тохарлера ваша воцийла. Цуьнан берахьлера шога амалш дералле, къизалле, сутаралле йирзинера. Сутаралла йара Асхьадан дог тӏулге дерзийнарг. Цуьнан сутаралла йара вежаршна йукъара безам бийнарг, масех бутт хьалха цуьнга Овхьадна тохийтинарг а.
Хӏинца вац Асхьад. Дийна волуш иза шеца мухха хиллехь а, Овхьадан беснеш тӏехула комаьршша хиш шерша. Логе хӏуьтту шеддаш йуханехьа кийра теӏадо цо. Овхьадан ваша ма вара иза. Цхьана цӏийх, цхьана ненан кийрара схьаваьлла. Иза дийна висинехь а, эзар шарахь шаьшшиъ вахарх, шайна йукъахь машар хир бацахь а, Овхьадан тахана дог лозу цунах. Мацахлерчу вешех. Беран хенахьлерчу шен вешех.
Гендарганахула, Хьочи-Арахула охьа а веана, Ножин-Юьртана кӏел Ямсух ваьлла Овхьад стерчийн а, бугӏанийн а ворданийн беххачу могӏанна тӏеӏоттавелира. Ворданашна хьалхий, тӏаьхьий шишша могӏара а хӏиттина богӏура конвойни дошлой. Ворданаш тӏехь йара тиша мотт-гӏайба, йалтийн галеш, цӏестан йайш, кӏудалш, текх-цаца а. Царна тӏехула тӏеховшийна ду ах-дерзина бераш, гуттар къена нах, зударий. Ворданашна тӏаьхьа а, улло бевлла а богӏура гихь кегий бераш долу зударий, кхиазхой. Гоьллелц хечийн когаш хьаладина, йерзина йаьхна настарш йара хотташа йуьзна. Буькъа хатт лаьцнера ворданийн чкъургаша. Меттанаш даьхна, багара охьа шетийн сомалкхаш эгош, хьалхагӏертара кӏадделла стерчий а, бугӏанаш а. Ӏуьйранна тӏедилхинчу догӏано шелдина бераш тӏедачу йургӏанашна, истангашна йукъахьерчара.
Овхьада ца хаьттира нахе уьш стенга боьлху. Иза эрна дара. Царна шайна а ма ца хаьара шайх дан гӏертарг. Йагийнчу Бенара арабаьхна, кхалхийна буьгу мухӏажарш бара уьш.
Суьйранна малх чубузуш, йагийначу Бетта-Махкахула чекх а ваьлла, Яьссин аьтту агӏонца охьа а веана, хин дехьарчу берда тӏехь ӏуьллучу Гати-Юьртана дуьхьал сецира Овхьад.
Дехьа бӏаьрг тоьхча, цунна гира дагийна, дохийна Мескатарий, Гати-Юьртарий цӏенош. Цхьа