къаьсттина дукха ма везара нанна. Амма Овхьаде кхойкхуш кхин нана йара. Нанойн а нана. Бохамаша кӏелйитина къена нана – халкъ.
Овхьад гучуваьлча, маьхьарий довлу зударийн. Царна йукъара маьхьарца дуьхьалхьаьдда йиша Ровзан, вешина тӏекхачале, са а лоций, дог маллой, охьайужу. Цхьана агӏор дог доруш, лерехь дека ненан къора йелхар.
ТІебаьхкинчу зударша, шийла хиш хьоькхуш, саметтайалайо Ровзан.
– Вай, нанас йинарг йала хьан, Овхьа-а-д!.. – тийжа Ровзан.
Суьйранна арахьара нах шайн-шайн цӏа бирзича, деца цхьаьна висира Овхьад. Пхьуьйран ламаз дина паргӏатваьлла Хортӏа, когаш кӏел оьзна, настарш тӏе хиъна ӏара. Хӏетта дӏаваханера йеса деша веана Товсолта. Дехьа чохь гулбеллачу зударийн лохха къамелаш хезара. Хан лоьллуш, цхьана эшшарехь лестара пенаца кхозучу сахьтан ӏайг. Терхи тӏе хӏоттийначу чиркхан гӏийлачу серлоно болчунна тӏе а сингаттам туьйсура. Корта хьала а ца таӏош, цӏенкъа ши бӏаьрг боьгӏна, суьлхьанаш дохура Хортӏас. Дикка хӏоьттина а лаьттина, лоха гӏант кӏел оьзна, дуьхехь охьахиира Овхьад. Хортӏас совцийра хьийзо суьлхьанаш.
– Хьо цӏа хӏунда веана, кӏант?
Овхьада жоп ца делира. Ваша велча, цӏа ца вогӏу?
– Тхойшиннах хаьдда ца ваханера хьо?
– Со вацара бехкениг.
– Мила вара ткъа?
– Хьуна ма хаьа иза.
– Хаьа, дера-кх. Дӏавала суна гучуьра. Ахь вийна хьайн ваша. Оцу писашна тӏаьхьа а хӏоьттина. Мӏаьчиган Коьрий, Васалан Юсуппий волчу дӏагӏо. Уьш бу хьан къастийна вежарий. Хьайн вешин чӏир йекха стаг хьо а вац. Нехан бехках ца кхерахьара, ас сайн куьйга садоккхур дара хьан.
– Мӏаьчиг, Васал, церан бераш а стенна бехке бу?
– Хьуна ца хаьа и, ва боьрша йоцу къиг?! Цаьршимма ца вийна хьан ваша.
– Вийна, салташна хьалха а ваьлла, иза а, хьо а шайн цӏенош даго веача.
– Сацайе муцІар, къутӏа! – голаш тӏехь хьалаайъавелла, стаммийчу балдех шеташ туьйсуш, мохь хьаькхира Хортӏас. – Сан бахамна цергаш хьекхораш муьлш бара? Шайн аьтто баьлча, со вуьйр верш муьлш бара?
– Наха хьан бахам ца хьабина, хьо а ца вийна. Хьан цӏенош а, бахам а дийна бу…
– Собарде аш, заддаш! – мохь хьоькхура хаза кхоччуш дарвеллачу Хортӏас. – Собарде аш! Ас шуна тӏехь хьукІма ца дахь, ас зудчун кортали туьллур ду коьрта!