Говрахь тобанна йукъаваьллачу ӏаьлбагна гира, мохь баьл-баьллачу агӏор дӏа а хьожуш, вахьийна лаьтта молла Хайрулла. Даим а цӏен бос бетталуш, ӏаж санна йогуш хуьлу цуьнан беснеш хӏинца докъан басе йирзинера. Тӏепаза йайнера цуьнан цициган бӏаьргаш чуьра куралла а. Шех тоам беш, нахах цавешаш цхьана агӏор озийна хуьлу дуткъа балдаш а, тӏехь цӏелла йоцуш, дакъаделла дегош гора.
Ӏаьлбага хьалалецира шед буйнахь аьтту куьг. Адам дӏатийра.
– Аш хӏун къуьйсу, нах?
– Нурхьаьжагӏар бу-кх хӏара Хайрулла вен гӏерташ!
– Бехке вуй Хайрулла?
– Хаац. Ву, боху-кх.
– Шуна хӏун лаьа?
– Бехке ву иза, вей, дӏаваккха!
– Вац! Аш бохург цадинарг бехке хила-м ца веза?
– ӏедална вохкавелла иза!
– Бакъ дац!
– Дац, хьан дена неӏалт хуьлда!
– Хьан вархІий дена хуьлда иза!
– Хьо а йу, и санна, айкх!
– Ас и чуьйраш хоьцур йу хьан, дахкаделла лай!
Дика стомма ворта а йолуш, хьийкъина, шовзткъа шо хенара цхьаъ а, векъана-веха кхин а, шаьлтанаш йаьхна, чуччагӏоьртира. Амма стомманиг шена уллохула чекхволуш, говра тӏера охьакхевдинчу Нурхьаьжас, пханарш тӏера чоа а лаьцна, бер санна, айъина ваьхьна масех гӏулч йухакхоьссира.
Ша гучуваьлча цкъачунна сецна хӏара дов йуха а марсадала доллийла хиъначу Іаьлбага, куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира.
– Совцал, нах! Бехкбоцчу цхьана а стагана таІзар ца дина оха цкъа а. Нагахь хӏара Хайрулла бехке велахь, хӏокхуьнан бехке хьаьжжина таІзар хир ду, бехке вацахь, маьрша вуьтур ву. Цунна кхел йан реза дуй шу?
– Реза ду!
– Нийсонца кхел йан йеза!
– Далла а, нахана а хьалха шаьш бехке хин доццург!
– Хӏета, шаьш резадоллу къаной харжа!
Адам дӏатийра, амма йуха а гӏовгӏанаш йевлира.
– Къосам!
– Нурхьаьжа!
– Мегар бац! Уьш бехкевийраш бу!
– Кхечу йуьртара къастабе!
– ӏаьлбаг.
– Мегар ву!
– Акхта!
– Реза ду!
Акхтас, шен говр хьалха а тесна, мохь туьйхира:
– Со ма харжа. Ас а далийна цхьа жӏаьла.
– Раджаб-ӏела!
– Мегар ву.
– Янгӏулби!
– Тозуркъа!
– Іаьмарха!
– Мегар вац! Йуьртда хилла иза!
Дуккха а къийсинчул тӏаьхьа, зуламхошна тӏехь кхел йан ворхӏ стаг хаьржира наха. Адам цхьана агӏор а даьккхина, къаной царна дуьхьал бай тӏе охьахевшира. Царна хьалха дӏахӏоттийра наха бехкевеш волу Хайрулла а, Товсолта а.