Ткъа ӏа хӏинццалчул а хьалхе тӏегӏертара. Хьаннашкахь ӏадоккхур бохург хьехочохь а дацара. Гӏовттамхойх тӏаьххьара бисинчех цхьакӏеззигниш гена аренгарчу йарташка, цхьацца-шишша баьржаш, дӏасабаьржира. Ӏаьлбагца висина ши бӏе стаг вала сецнера. Имамо бохуш хӏумма а доццушехь, цара шаьш дуйнаш биира тӏаьххьара минот тӏехӏотталц къийса.
Хьал доьхна делахь а, деган кӏоргехь догдохийлаш йисинера. Ӏаьлбаг оцу шина бӏе стагаца симсаройн хьаннашка йухавирзира. Цкъа ойла хилира цуьнан винчу йуьртахь ӏа доккхуш саца. Амма иза кхераме дара. Кхуза некъаш шарделлера паччахьан эскаршна. Тӏе, кхерошший, ӏехошший, гӏовттамхошна дуьхьалйаьхнера йуьхьанца массарел а доггах ӏаьлбагна тӏаьхьахӏиттина хилла лулара аьккхийн а, суьйлийн а йарташ. Уьш-м хьовха, кхузара даьттахой, чеччалхой, гендарганой а цхьаьна. Симсара церан гонна йукъахь йара хӏинца.
Кхерамна йуьстахо аьлла, Симсарахь ца соцуш, цунна къилба-малхбузехьа догӏучу Яркхсун лакхенга а ваьлла, гонаха лекха тӏулган бердаш долуш йуькъачу хьаннаша дӏалаьцначу Дуьйран-Коьртехь Іа даккха сацамбинера цо.
Кхоалгӏа де дара гӏовттамхоша кхузахь Іаьнна кечам бен. Яркхсун чӏожаций, къеначу хьаннашций кхолхадуьйлуш декара деттачу дагарийн татанаш. Цхьаболчара тоьланаш охкуш, шолгӏачара тхевнашна гӏирс боккхуш, кхоалгӏачара говрашна Іаьнна докъарш кечдеш, мукъа бацара гӏовттамхой.
Тахана эххар а йина йаьллера Михаилан, Юсупан, Елисейн, Янаркъин а тоьла. Басех чу кхо аьрша гергга кӏорга кӏаг а баьккхина, хьалха йуккъехь лекха, цунна шиний агӏор лоха цхьацца – кхоъ гажар а боьгӏна, царна тӏехула дукъойн метта кхо дечиг а йиллина, тӏехула, орцхаш тийсина, хьардаш йаржийна, лаьттан стомма чкъор диллира цара.
Чохь пенашца, цӏенкъел лакхо айъина, маьнгин хьесапахь терхи йитира тӏе охьадийша. Цхьана маьӏӏехь пенаца хьалайаьхьна товханан туьнкалг тховх чекх а йаьккхина, тӏехь поппарца дӏахьаьхира. Хӏетта веаммо мор буьззина йеана йекъа къаж, стомма чкъор деш, «маьнги» тӏе а йаржийна, паргӏатбевлира уьш.
– Нускалш делахьара, кхин хӏумма а ца оьшура вайна, – элира кӏедачу къожа тӏе аркъалваьллачу Янаркъас. – Хӏан, Элса? Дом есть, матушка нада. Жина нада!