– Хьалхатаӏа! – мохь тоьхна, приказ делира цо салташка. – Мятежникаш гена бовлале, леца беза. Царна дуьхьал йогӏуш Рогожинан колонна йу.
Оцу минотехь хьалхахьа тоьпаш йевлира. Хӏинца а гена бара гӏовттамхой гонна йукъара бовла.
И буьйса набарза йаьккхира Смекаловс. Ши бӏе стагах лаьтта Іаьлбаган тоба йохо йалх рота салтий, гӏалгӏазкхийн шиъ сотняй яхийтинера цо. Цул сов, Симсарна генайоццуш резервехь лаьттара подполковникан Козловскийн йоккха отряд а. Амма Смекалов тешна вацара операци кхиаме чекхйериг хиларх. Гӏовттамхой, шерачу меттиге бевлла, массанхьа а тӏеэцна лелочу бӏаьхаллин низамехь летарг хилча-м, цо дӏахьажийначу ницкъан кхоалгӏа дакъа а тоьур дара ӏаьлбаг вохо а, лаца а. Цара и дийр ма дац. Уьш схьабевр ма бац йуькъачу хьаннашкара, лекхачу бердашна йукъара. Цхьанхьа дера дуьхьало йеш, йухабуьйлуш, тӏаккха кхечухьахула дагахь доццучохь тӏелеташ, амал-гӏад дойъур ма ду цара. Тӏе, хӏара галдевлла денош а… Хьалхарчу шина дийнахь диллина дӏа догӏа дилхира. Йерриг тогӏеш, ӏаннаш дӏалаьцна, дуькъа дохк лаьтта. Салташна инзаре хала хир ду, лаьмнашкахула-м хьовха, некъашкахула лела а.
Билгалйина хан тӏекхачале хийлазза аравелира Смекалов. Гоьллец богӏуш хатт белахь а, ӏалхан-Кӏотаран малхбален йисте лекхачу гу тӏе а волий, бӏаьрг бетташ, ладоьгӏура цо. Дийнахь кхо сахьт долуш йоккхачу тоьпан дур хезира цунна. Йукъа дикка хан а йолуьйтуш, пхоьазза дийкира иза. Смекаловн са логге кхаьчнера. Эххар а, суьйранна пхи сахьт даьлча, тӏом болабелира Дуьйра-Коьртехь. Цкъа кхехка булуш, тӏаккха дӏатуьйш, йуха а хьераболуш, бархӏалгӏачу сахьте дӏабахара иза.
Тӏаккха цхьана йоццачу ханна дӏатийра, йукъ-йукъа тоьпаш а йуьйлуш. Йуха а – кхечухьа, Цантойн ломахь, хьерабелира тӏом. Кхийссарш совцаза йара Іуьйранна а. Амма цигара хаам ца кхочура. Масане ойланаш хьийзара коьрте. Ӏаьлбаган тоба бен ца хилча, цуьнца-м ларор йара цига хьажийна йиъ колонна. Нагахь зандакъойн, салатавхойн йарташ гӏовттамхойх дӏакхеттехь, цара хӏаллакйийр йу отряд. ТІаккха жоьпалла цунна, Смекаловна, тӏе ма дужу. Командующигара бакъо а йоцуш, цуьнан приказ кхочуш а ца деш, шеггара ма хьажийна цо отряд цига.