хьаннаш. Цигахь бун йойла а, лочкъийла а, цӏе латайойла а дара. Кхузахь йац и таронаш. Ломаца цхьаццанхьа кӏайдаргаш йеш кхиъна лохачу коьллийн боьлакаш. Кхин а лакхахь – дерзина тӏулган аьрцнаш.
Хьех ала йиш а йоцуш, лаба йеш тӏекхозабеллачу тӏулган берда кӏел севцира гӏовттамхой. Гӏамаран ченалахь йисина акхачу гезарийн лараш. Цара, хьекхалуш, шардина тӏулгаш а, бердаш а лепа, тӏе йалпар хьекхча санна. Схьахетарехь, сийсара а хилла кхузахь гезарий, хӏинца адамаша йаьккхина церан хӏусам.
Кхаанхьа йогучу цӏерашна гонах хевшина а, тӏехӏиттина а ӏа нах. Царах цхьанна гонах алссам бу уьш. Шолгӏа де ду церан кийра рицкъа дахаза. Бедарш тӏехь цӏийн а, молханан а лараш йисина. Дукханнийн цхьацца меже цӏийша йуьзначу кӏадинан асанашца йихкина йу. Вуьшта а церан беркъа духар тахана цхьаьнадагӏац хӏокху ламанан лакхенгарчу шелонца. Йаххьаш йевлла, беснеш чукхетта, балдаш махо дакъийна. Иэшамой, мацаллой дегнаш эгийнехь а, оцу цхьана цӏарна гонах болчеран наггахь оьккхучу беларо гӏергӏадо бердаш. ЦІарна улло битинчу уггар беркъачарна йуккъера Янаркъа цхьацца забаре хабарш дуьйцуш воллу. Кхузахь хеза суьйлийн мотт а, цара беламе буьйцу нохчийн мотт а. Диламарчу Хьайбуллиний, Гати-Юьртарчу Янаркъиний йуккъехь забаршца тӏом лаьтта.
– Делин дуьхьи, Янаркъа, ма пеллахьо боккхучохь жухарг товр бара хьо, – шен рогӏехь Іоттар йира Хьайбуллас.
Вуьшта а, даим тиша, массо тайпана йоманаш летийна Янаркъин чоа, дан дезар доцуш, калдадаьллера хӏокху тӏаьххьарчу деношкахь. Йоьхначу неӏармачийн муцІарш чуьра аракъедара гӏоро боьлла ши нана-пӀелг. Цкъа букъ, тӏаккха накха роггӏана цӏерехьа берзош, вохвала гӏерта Янаркъа диламхочуьнгахьа вирзира.
– Хӏунда бах ахь, Хьайбулла?
– Делин дуьхьи баху, Янаркъа, хьуна тӏера гӏагӏ жухаргачух тери болу дели. ЦІен йамо бу, кӏайн йамо бу. Кечбала ца оьшуш, жухарг бу хьо!
Нах гӏадбахана боьлура.
– Цхьа хӏума оьшу, Хьайбулла, цхьа хӏума! – корта хьовзийра Янаркъас.
– Хӏун оьшу, Янаркъа? Пеллахьо оьшу?
– Хӏан-хӏа, Хьайбулла. Жухарган куйнан меттана и хьан корта. Виран санна, хьан деха лергаш, жӏаьнк санна, цӏен мара. Ткъа бӏаьргаш! Хьеравала луучо ма