– Хӏунда?
– Берса волчу.
– Цунна хаьий хьо дӏавогӏий?
– Меттиг а, хан а йиллина охашимма.
Шен а, цуьнан а, накъостийн а кхолламо садуучу Болата тӏаьххьара а хаттар дира:
– Кхидӏа хӏун дан ойла йу хьан, Іаьлбаг?
– Берсех дага а ваьлла, эр ду ас.
– Новкъа маца волу хьо?
– Кхана, делкъан ламаз а дина.
– Накъост вуй хьоьца?
– Вац.
– Хӏета, со а вогӏу хьоьца.
– Ца оьшу. Кхераме ду. Зӏуганийн бена тӏе ма воьду со.
Болат вист ца хилира. Сацам тӏеэцна ваьллера иза. ЦІахь хӏор а минотехь, хӏун хуьлу-те бохуш, ладоьгӏуш ӏачул, мичча вахар а гӏоли йара.
Болатна-м йилхинера Макка. Хӏинца хӏара ӏаьлбаг гучуваьлча, йуха а белхар хӏоттор ду-кх цо. Цуьнан йелхарна-м сатохалора Болате. Амма, ши бер мохь хьекха даьлча, дог ӏаьвжа-кх. ТІаккха дог кӏаддалаза а дисац.
Цхьадика, тховса мелла а собаре хилира Макка. Ӏаьлбагна мара а кхетта, жимма йелха-м йилхира. Цуьнан коьртах куьг а хьоькхуш, шина бере хьоьжура ӏаьлбаг.
Ненан кучан йух а лаьцна, наггахь балда а озош, йуха а къовлалой, ца воьлхуш лаьттара Къайсаран пхи шо хенара кӏант. Амма йоӏ, нене а хьоьжуш, йоьлхура. Ӏаьлбага, вист а ца хуьлуш, дог ӏаббош йелха йитира зуда. Иза дӏатийча, цо доцца дийцира шайн леламех. Къайсаран а, Коьрин а Іожаллех лаьцна.
– ӏожалла-м массарна а тӏехь йара, – элира Маккас, бӏаьргех корталин тӏам а хьоькхуш. – Цунах хьалха-м цхьа а вер вацара, ша Дела воцург. Дагна ӏеткъарг кхин ду-кх. ТӏехІотта кошан барз а боцуш, вайна-кх иза…
Макка йуха а йелха йелира…
Оцу зудчунна а, шина берана а хьалха ша бехке волуш санна хетара ӏаьлбагна. Царна хьалха-м хьовха, жоьра бисинчу кхин эзарнаш зударшна а, байлахь дисинчу берашна а хьалха.
– Хӏун дийр ду, Макка, кхел йу-кх лелларг, – элира цо эххар а. – Тхо, дийна дисинарш, а дац даккхийдеш. Тхо а довр ду, тӏехӏотта кошан барз а боцуш. Хьо йелха луур дац суна, Макка. Хӏара некъ оха тхешан лаамехь къастийна. Тхаьш лехнарг ду тхоьга кхаьчнарг. Хьайн са ма даа. Тхо цхьадерш дӏадовлахь а, накъостий буьсур бу. Цара дола дийр ду хьан а, шина беран а.
Ткъа Коьрин-м вацара цхьа а хӏара ӏаьлбаг хьалхахӏотта. Коьра тӏаьххьара а вара оцу цӏийнах.