– Хӏаъ.
– СогІратІлахь хӏунда ца дира ахь иза?
Ӏаьлбаг курра дӏахьаьжира Берсега.
– Тӏеман арахь, герз охьа а тесна, эшнарг а, кӏилло а хилла, мостагӏийн кара ца ваха. Сайх мостагӏий ца кхардо, цаьрга со сийсаз ца вайта.
Берсас корта ластийра.
– КІезиг синтем бу иза а.
– Хӏинца ас сайн корта безза бухкур бу. Ша хьийзочу йарташна къинхетам бан ӏедалера дош даккхалой хьожур ву со. Накъосташна цхьа аьтто а баккхалур бацара-те?
Берса дӏатийра. Хӏоьттинчу тийналлехь ӏаьлбагна хезара цо хала доьӏу са. Цӏеххьана йовхарш а йаьхкина, бете йовлакх таӏош, аравелира Берса. Арахь йуьстахваьлла, легаш а цӏандина, чувеара иза.
– Хьо бакълоь, ӏаьлбаг, – элира цо, йуха а товханна хьалха лахвелла, цӏерга куьйгаш а лоцуш. – Вай эшна. Амма, ешнехь а, воьжнехь а, цхьацца меже хадош, варахь а, майрра, кура валар гӏоле ду. Баккъал а, хӏун до ведда лелла? Бӏаьрнегӏар а ца тухуш, мостагӏашна хьалхахӏоттар а, ӏожалла тӏеэцар а ма бу шатайпа толам! Адамашна, тӏаьхьарчу тӏаьхьенна, маршонехьа къийсамхошна турпала масал.
– Изза хеташ лела-кх со а.
– Моьттург ца хили вайн. Россина чоьхьара хьелаш дика ма дацара кху тӏаьххьарчу шерашкахь. Ӏедална резабоцуш, карзахбевллера оьрсийн муьжгий а, белхалой а. Кхечу къаьмнаша а дуьхьалонаш йора ӏедална. Уьш дерриг дуьстича, хӏара йукъ гӏаттамна уггар аьтто берг хийтира суна, цундела къобалдира ас хьан дӏадолор. Амма абхазаш а генахь хили. Санойн гӏуллакх а ца нисдели. Дегӏастанхой а тӏаьхьа гӏевтти. Оьрсийн белхалойн а, муьжгийн а дуьхьалонаш а къиза хьоьшу. Хӏетте а, лелийначунна дохкодевр дац вай: хӏара эшам тӏаьхьо хинболчу толаман закъалт ду.
– Оцунах-м со а кхета иштта, – гӏайгӏане велакъежира ӏаьлбаг. – Коьрта кхин цхьаъ а хии. Нахана уггар хьекъале ву моьттина со хьалха а волуш, вайнах сонта хилар. Хӏун пайда бу вайн майраллин а, доьналлин а? Пхийтта шарахь ас Іамийна ӏилма а эрна хили! Хьуна санна ца хаахь а, Овхьадна хуъучул мукъане а дуьненан ӏилма хууш хиллехьара, тӏаккха соьгара пайда алсам хила а мегара. Халкъ маршонехьа къийсаме гӏатто а, иза толаме хьалха дига а кхин адамаш оьшу. Коьртехь даккхий хьекъалш, дуьненан ӏилманаш а долуш. Вайн мостагӏашкахьчул тӏех дацахь