– Хьайн паччахьна, цуьнан ӏедална дуьхьал халкъ хӏунда гӏаттийнера ахь? – хаьттира цуьнга.
Шена хаттар гочдича, велар иккхира ӏаьлбаге.
– Халкъ паччахьна, ӏедална дуьхьал гӏаттаран бахьана цара цунна тӏехь латто харцо а, ӏазап а дара. Амма иза гӏаттаме кхайкхарна а, гӏатторна а бехке со цхьаъ ву.
– Цхьана стаге гӏатталур дац халкъ. Муьлш бара хьан гӏоьнчий?
– Бакъду иза. Цхьаьнга а, иттанга а, бӏенга а гӏатталур дац халкъ. Нагахь гӏатта цунна дуккха а, даккхийн а бахьанаш дацахь. Ткъа уьш оьшучул а тӏех ду кхузахь.
– Хьайн гӏоьнчийн цӏерш йахал.
– Сан гӏоьнчий кхузахь бу. Амма цара шайггара хӏумма а ца дина. Динарг дерриг а сан омрица дина цара.
Ӏаьлбагера кхин жоп ца долий хиъча, тӏаьххьара а хаттар дира цуьнга.
– Хьо паччахьна, цуьнан ӏедална дуьхьал гӏеттина. Ахь пачхьалкхана, даймахкана йамартло йина. Пачхьалкхан законаца уггар луьра таІзар догӏу хьуна. Дехар дуй хьан суьде?
– Дац, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Іаьлбага. – Со зуламхо, йамартхо велахь а, вацахь а, халкъана шена дика хаьа. Йуха а боху ас, со ӏедалан харцонна дуьхьал гӏеттинера. Халкъана маршо, нийсо, сискал йаккхайаларе догдохуш. Суна тӏаьхьахӏиттинчу адамаша цхьа а машаре стаг ца вийна, цхьана а машаречу бусалбанний, керстанний зулам ца дина. Оха байъинарш паччахьан йалхой бу.
– Айхьа лелийначунна дохковаьллий хьо?
– Хӏан-хӏа. Цуьрриг а ца ваьлла. Аш дӏахецахь а, йуха а оццу новкъа вер ву со.
– Ахь элира, айхьа цхьана а машаречу стагана зулам ца дина. Ткъа ахь гӏаттийна адам таӏзарна кӏел ма доьжна. Иттаннаш йарташ йагийна, бӏеннаш доьзалш махках бохуш бу, бӏеннаш нах Сибрех каторге бохуьйту. Церан къа ца дужу хьуна тӏе? Адам хӏунда ӏехийра ахь?
Цхьана минотана йуьхь кхоьлира ӏаьлбаган.
– Цхьа а ас нуьцкъах гӏаттийна вац, – элира цо гӏайгӏане. – Массо а шайн лаамехь гӏеттина. Суна санна, хӏоранна а йезара маршо, нийсо, сискал. Ас ца аьллера цаьрга, сайга ӏедал хийцалур ду.
– ТІаккха?
– Лайш хилла дехачул, делла дӏадовлар гӏоли йу, котамаш санна, таьӏна Іахь, цкъа а хӏокху ӏазапах вай хьалхадевр дац, йа маршо йоккхур вай, йа, летта, делла дӏадевр вай аьлла, бара сан кхайкхам. Ша резаверг суна тӏаьхьахӏуттура, резавоцург шен цӏахь ӏара.