Оцу иллин зевнна кӏел ӏуммин а, ӏаьлбаган а когех, куьйгех тоьхна буржалш дӏадехира аьчка-пхьеро. Буржалех мукъаваьллачу ӏаьлбага, куьйгаш дӏаса а тесна, букъ саттош, дегӏ тодина, накъосташка мохь туьйхира.
– Къосам, Нурхьаьжа! Стенна чӏеӏа шу, хӏара адам а делхош? Ма кхардаде вайх и дӏогахь лаьтта къорза заддаш! Вайн халкъан турпала илли ала!
Тхо цкъа а, цхьанне а
Къарделла, совцур дац,
Маршо йа Іожалла –
Шиннах цхьаъ йоккхур йу!..
Ротин командиран приказца хьаьдда тӏеваханчу шина надзиратело, цхьацца пхьарс лаьцна, ворданара охьаозийра Іаьлбаг. Амма, цІоькъалоьмо санна, дегӏ а дуьйлина, шен ницкъ ма-ббу бетах мийра тоьхна, лакхара надзиратель Семин аркъалвахийтира цо, шолгӏачунна ластийнарг ца кхийтира, иза дӏа а иккхина.
– Орца, совцабайта и салтий! – инарле Чермоевга мохь туьйхира Іуммас. – Тхо цхьаммо а текхош дига ца оьшу тангӏалкхаш тӏе!
Шен лере а таьӏна, Чермоев вистхилча, инарло Смекаловс, йухадовла аьлла, приказ далийтира. Салташа дӏалийцира шайн хьалхалера меттигаш. Мийра кхетта лакхара надзиратель Семин, хьала а гӏеттина, цӏийца туйнаш туьйсуш воллура. Цо дӏа мел кхуссучу туйнаца цхьацца церг йужура багара.
– Соьга оллийта иза ирх! – мохь белира цуьнан, шен дӏайаьлла кхо церг гича.
– Надзиратель Семин! Хьайн метта, марш! – човхийра иза капитано Сервиановс.
Ворданара охьаиккхина ӏаьлбаг, ондда гӏулч йоккхуш вахана, тангӏалкхан кӏелхьарчу гӏанта тӏе велира. Гӏант дӏадаккха дагахь улло гӏоьртина Нихматуллин ӏаьлбаган оьгӏазечу хьажаро йухаваьккхира.
– КІентий! Шайна кӏелхьара гӏанташ шаьш дӏадахалаш! Илли ала! Вайн дайн турпала илли…
Хьалхахьа а кхоссалуш, шена кӏелхьара гӏант дӏа а харцийна, муьша тӏехь кхозавелира иза. Муьшаца дегӏ хьийзаш, массо агӏор йоьрзура цуьнан йуьхь. Адамашна йукъахь массанхьа а зударийн маьхьарий девлира. Хьалха лаьтта зударий, йуьхьа дуьхьал куьйгаш лоьцуш, дӏахьийзара. Ӏаьлбага чӏоггӏа тӏеттӏа таӏийнера балдаш а, цергаш а, амма бӏаьргаш ца хьаббора. Уьш, бехкбоккхуш санна, хьуьйсура цига гулделлачу адамийн йаххьашка.
Эххар хьийзачуьра сецира цуьнан дегӏ…
– Хӏей, Юсуп боху гӏаз, оха синош дӏалуш, йеса мукъане а деша!