ХІокху ламанхойх лаьцна цхьа болх йазбан гӏерта со. Цунах дийцар йа очерк эр, хаац. Цунна цхьацца материалаш эшна, йуха а Нохчийчу веана со.
Сайн болх селхана дуьххьара ас болийра Грозныйн округан канцелярехь.
Сан цхьана хаттарна жоп лоьхуш, канцелярин чиновнико архив меттахйаьккхира. Уллохь голашна тӏе лахвелла ӏачу сан бӏаьрг кхийтира цо йуьстахтесначу йуткъачу папки тӏе йазбинчу масех могӏанах:
«Пачхьалкхан зуламхой набахтехь кхобуш а, кхел кхочушйеш а йина харжаш. 1878 шо».
Ларамаза папка схьа а эцна, йуккъерчу кехаташка хьежа хӏоьттира со. Цхьа а хӏара йу аьлла хӏума йацара. ГІаттамехь дакъалацарна бехкебина, набахте боьхкинчу нахана делла кхачанан сурсаташший, цхьацца бахаман гӏирсашший оьцуш йиначу харжашна хӏиттийна счеташ йара уьш.
Со папка охьатаса воллуш, тӏаьххьара а цхьана кехата тӏехь севцира сан бӏаьргаш:
«Счет № 182.
1878-чу шеран мартан 9-чу дийнахь Грознехь пачхьалкхан зуламхой ирхъухкуш ахчанца йина харжаш:
1. Чалтачийн декхар кхочушдинчу Грозный-гӏалин коьртачу набахтин тутмакхашна Нихматуллина а, Понявинна а – 10 сом.
2. Тангӏалкхаш хӏиттийначу дечиг-пхьерашна – 5 сом.
3. Каш даьккхинчарна – 5 сом.
4. Муьшана, хьостамашна, сабанна – 9 сом.
5. Марчонна а, кхойтта тӏоьрмигна а – 3 сом.
6. ГІоьмеш дӏайаьхначу аьчка-пхьерашна – 2 сом 25 кеп.
7. Полицейскийшна – 3 сом.
8. Алданов ӏаьлбага чов йиначу могӏарчу надзирательна Семинна цуьнан локхаллин Теркан областан эскарийн командующин приказца – 10 сом.
Дерриг – 47 сом 25 кеп.
Грозный-гӏалин плац-майор (куьг).
Плац-адъютант (куьг)».
Ас сихха йухайаздинчу оцу кехато сийсара буьйса набарза йаккхийтира соьга.
Ас цхьана маьӏӏера дуьйна дӏахоьрцура оцу шеран денош. Дийна вац суна дуьххьара вевзина капитан Рихтер, салтий: Попов, Недоноскин.
Карладелира отрядца цхьаьна со шозза Зандакъа вахар а, къоначу Исмаьӏалца хилла къамел а, йаьгна нохчийн йарташ а…
Ӏуьйранна хьалагӏеттича, йуьхь-куьг а дилина, гӏалех аравелира со. И кхойтта стаг ирхъоьллинчу майдана ваха, церан кошан барза тӏе хӏотта.