Шайл хьалха нохчийн къоман маршонехьа къуьйсуш, тӏеман арахь турпала эгначу, набахтешкахь къиза байъинчу, хӏорш санна, тангӏалкхаш тӏе ирхъоьхкинчу, шийлачу хийрачу Сибрех доьза байъинчу нохчийн халкъан эзарнаш турпалхойн санна?
Амма оцу кхойттаннан дуьххьара ца баьлла и декъаза кхаж.
Каш дац халкъан дуккха а баьччанийн – Булавинан, Болотниковн, Разинан, Пугачевн, иштта кхечийн а, дуьненарчу харцонна дуьхьал маршонехьа, нийсонехьа, доттагӏаллехьа шайна ма-хуъу, шайн ницкъ ма-кхоччу, амма турпала леташ, кху лаьмнашкахь а, Россин йистйоцчу аренашкахь а махках баьхна хийраллехь беллачу эзарнаш маршонан кӏентийн…
ШолгIачу книгин чаккхе.
1975–1979 шо.
Мескета