могӏара муьжгий а бу. Оцу тӏаьххьарчийн а, йистошкарчу къаьмнийн а кхолламмий, ӏалашой, сатийсамашший цхьаьнабогӏу. Хьуна ца хезийла а дац тӏаьххьарчу шерашкахь Россехь долу ӏоттаме хьал. Массо маьӏӏехь – ун. Поволжьехь – мацалла. Маьӏ-маьӏӏехь – ахархойн дуьхьалонаш. Гӏалгӏазкхий а гӏитта боьлча, чоьхьара гӏуллакх гуттар галдаьлла хиларан билгало ма йу. Дӏадаханчу шарахь Сванетехь а, кху Нохчийчохь а хилла гӏаттам. Азербайджанан ахархой шайн бекашна дуьхьалбевлла. Мелла а халкъийн лехамаш кхочушбаран меттана, правительствос тӏеттӏа тӏе къизалла дебайо. Цундела тахана Росси вай дала кечделлачу накхармозех тарйелла.
– Вай дала гӏевттина накхармозий дӏатоь, тӏе кӏеззиг хи ма тоьххинехь. Йукъ-йукъара цхьа масех хьалаоьлличхьана, бисинарш дӏатуьйр бу.
– Ахь бехк ма биллалахь, господин Рихтер, сайн дагахь дерг дуьххьалдӏа ца аьлча ӏелац со. Шу арахьара тӏедаьхкинчех цхьа кӏеззигчара доккха гӏуллакх дина оьрсийн ӏилма а, культура а кхиорехь, Росси чӏагӏйарехь а. Амма дукхахберш бендоцуш хьуьйсу тхан кхолламе. Схьа а богӏий, шайна тхох йаккхалург а йоккхий, дӏабоьлху. Тӏе, тхо сонта а, акха а хета.
Кисанара даьккхина дато гӏутакх схьа а диллина, жимма пӏелгаш йуккъехь хьакхийна, цигаьрка бага йоьллира Рихтера.
– Аш кхайкхича, баьхкина тхан дай кхуза, – боккха баьккхина кӏур чу а тоьхна, дӏахийцира цо. – Ткъа аш а цадевллачу денна кхойкхура уьш. Суна хетарехь, тхох цуьрриг а зен а ца даьлла Россина. Нагахь вайшиннан идейни хьежамаш башх-башха белахь, иза со немцойх схьавалар дац. Ахь буьйцу «арахьара тӏебаьхкинарш» цхьа процент а хир бац Россехь. Ткъа и сан йоллу, ахь ма-аллара, къиза йа кура ойланаш йолуш бӏе эзарнаш оьрсий а бу. Нагахь сан ойла харц йелахь, иза ас цаьргара схьаэцна-кх.
Яков Степанович, дуьхьал дала жоп а ца хилла, дӏатийра: Россин паччахьаша бехна балийна хӏара Рихтергӏар, кхин бӏеннаш фонаш, мосъегӏар, мистерш а стенна бехке бу? Дерриг а цаьргара схьаоьцуш, царах тардала гӏерташ, вовшашлахь а, доьзалехь а ненан мотт буьйцург кхетамна а, хьекъална а тӏаьхьависнарг хеташ зама а ма-хилла. Революци, демократи хьахийнарг хьераваьлларг а лоруш.