Хӏара полк вовшахтухуш, салт ваьллачунна йал лой хиъча, дуккха а лаамхой бевлира. Масех полк вовшахтоххал. Берриг бохург санна – къехой. Цӏахь патарма буззал йалта, атталла газа а йоцурш. Шайн эттӏа чоэш тӏе а кхоьхкина, неӏармачаш а туьйдина. Схьахетарехь, цара сатуьйсу хир дара, къоьлла къикъдоьлла, цӏахь ӏачул, салт волучунна лучу йолаца доьзалш мацаллех кӏелхьарбаха. Амма, шаьш шайн говрашкахь, говран гӏирсаца, шайн герзаца даха дезийла хиъча, дукхахберш цӏехьа бирзира, бела а боьлуш, областан хьаькамаш аьшнаш а беш. Говррий, говран гӏирссий, герззий эца ницкъ хьенан бу? Оццул хьал хилча, эскаре воьду хьера цаваьлларг! Доьзалх а, йуьртах а, махках а ваьлла!
Амма, хьаннах тоьхна а, и полк вовшахтоха йезара. Керлачу ӏедална хьалха дикачу цӏарла хила лиъначу таронаш йолчу наха дукхе-дукха леррина къамелаш дира, и къехой салт бовлийта гӏерташ. Дойх, герзах ӏоттаделла гӏуллакх сецча, шаьш уьш хуьлуьйтур йу а элира. Амма, шаьш салт довларх хьолахошна гӏуллакх хуьлий хиъча, хӏуьттарене бевлира цхьаболу къехой.
Ткъа ӏедало-м шениг ма дуьйцура. Йуьртдай, къедий, молланаш, совдегарш Веданий, Соьлжа-Гӏалий, Бурутӏей дӏа ма кхойкхура. Хӏирийн, гӏалгӏайн, гӏебартойн, чергазийн, кхечийн а полкаш вовшахтоьхна, шу хӏун деш ӏа бохуш. Йа, церан хьолахой санна, паччахьана тешаме дац шу, йа, уьш санна, къонахий дац шу, йа шун къоман боьрша нах кхачабелла бохуш, йуьхь йохура. Йуьхьанца хаза дийцира, тӏаккха бехкашдехира, тӏаьххьара а чехийра.
Эххар а вовшахкхийтира полк.
Гати-Юьртахь а кечвелира масех жима стаг.
Оцу кегийчу нехан сий айъа дагахь, тӏаккхахула кхечийн а догдаийта вовшахтоьхнера хӏара таханлера ловзарш а, къийсадаларш а.
Оцу ӏалашонца округан йарташкахула волавелла вара эла Авалов а.
Хьаькамаш чардакх тӏе бевлча, сацийра пелхьонна лоькху зурма а, йетта вота а. Пелхьонна туьйсу ахча схьалахьош, жима цӏестан шун карахь тӏаьххьара го баьхьира жухарго.
Чардакхна гергахьо хӏиттина Болат, Къайсар а синтем байна хьуьйсура дехьа регӏан басахула Яьсси чу богӏучу некъе.
– Ва нах, хӏинца а гуш вац-кх иза, – корта хьовзийра Къайсара. – Ткъа хьуьнарш къовсар дӏадолалуш лаьтта.