вайна тӏехь, ткъа цунна жимма а дуьхьало йинарг, лоций, Сибрех хьажавой, тӏепаза войъу. Шена муьтӏахь а хилла, кӏелсовцарх, вайгара бала-м муххале а ца байбира ӏедало, мелхо а, де-дийне мел дели а, тӏетта тӏе къамкъарг ӏуьйдуш, садукъдо. Доцца аьлча, кӏентий, иштта ду вайн гӏуллакхаш. Хӏинца, шун пурбанца, масех дош эр ду Рохьмадан Берсас.
Говран урх хьайина, масех гӏулч хьалхаваьллачу Берсас къамел долийра. Йуьхьанца цуьнан паргӏат аз, тӏаьхь-тӏаьхьа айъалуш, чӏагӏлуш, багара схьадолу хӏор а дош ладоьгӏучийн дегнаш чу дуьжуш, декара. Оцу эгӏазечу стага цӏераш йехира къоман маршонехьа шайн синош дӏаделлачу халкъан кӏентийн, тхьамданийн, карладехира церан турпала хьуьнарш. Йагарйира кху тӏаьххьарчу итт-пхийтта шарахь ӏедало адамашна тӏехь хӏиттийна харцонаш а.
– Вайн собар кхачийна дукха хан йара. Амма, и харцо дӏакхосса, ӏедалан ӏазапах маьршадовла ницкъ ваьшкахь боцийла хууш, цхьана аьттоне сатуьйсуш, садиттина вай тахханалц. Вай пхийтта шарахь сатийсина де тӏекхаьчна. Тахана дика дац паччахьан гӏуллакхаш. Цуьнан йаккхий галморзахаллаш йу арахьарчу паччахьашца. Амма кхин а галдевлла мехкан чоьхьара хьелаш. Ӏедална дуьхьало йо оьрсийн муьжгаша а, массо къаьмнаша а. Хӏинца уьш къийсаме кхойкху, царна некъ хьоьху дуьненара хьал хууш, коьртехь даккхий ӏилманаш, хьекъалш долчу наха. Лаа дац Гуьржийн БІаьн новкъахула дӏа къилбехьа эскарш ийзар. Цига дӏадигна вайн агӏорхьара гӏалгӏазкхийн эскарш а, дукха хан йоццуш салт баьхна вайнах а. Доцца аьлча, аьттоне хьуьйсуш, вай дукха ладегӏна де тӏекхаьчна. Хӏара де вай тӏехтилийтахь, йуха маца догӏур хаац. ХІокху дийнах пайда а эцна, ваьшна мелла а маршо йаккха хьовса деза вай.
Берсин къамел чекхдаьлча, нахана йукъахь даьлла гӏугӏ дӏатедира Солтмурда шед буйнахь айъинчу куьйго.
– Кхузахь гӏуллакх дӏадоладелча шайн халкъаш гӏовтто дош делла гуьржийн, дегӏастанхойн, ногӏийн, эдагийн а вайн накъосташа. Хӏара аьтто ца нислуш, пхийтта шарахь ӏийна вай, амма хӏара тӏехтилийтахь, Берсас ма-аллара, йуха иза маца хир ала хаац суна. Нагахь шу реза делахь, вешан маршонан дуьхьа гӏовттур вай. Реза дуй шу?
– Иншааллахӏ, дала мукъалахь!