ӏелин кӏанта Абу Мухьаммад ал-Хьасана (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Аса дагахь латтийна Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг:
«Хьайна шеко туьйсург - дита, хьайн шеко йоцург - леладе. Боккъалаъ, бакъдерг - синтем бу, харцдерг - шеко ю.»»
[(Тирмизи: 2520. Тирмизис аьлла: «Бакъ (цӏена бух болуш) хьадис ду и»)].