Ибн ӏаббаса (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) аьлла:
«(Цкъа) цхьана дийнахь пайхамарца (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (дийнатахь) тӏехьа тӏехиъна вара со, цо элира соьга: «Хӏай, кӏант! Аса масех дош ӏамор ду хьуна (масех хьехар лур ду хьуна). Аллахӏ дагахь латтаве хьайна - Цо ӏалашвийр ву хьо, Аллахӏ дагахь латтаве хьайна - И хьайна хьалххахь карор ву хьуна. Нагахь хьайна (муьлхха а цхьа хӏума) деха лаахь - Аллахӏе деха, нагахь хьайна гӏо (накъосталла) эшахь - Аллахӏера деха. Хаийла хьуна: нагахь берриге нах хьан дуьхьа цхьа пайда бан цхьанхьа дӏагуллахь - цара хьайна Аллахӏа яздиначул сов баькккхина пайда бийриг ца хилар, нагахь уьш дӏагуллахь, хьуна цхьа зен дан, - цаьрга хьайна Аллахӏа яздиначул сов даьккхина зен далург ца хилар а, хӏунда аьлча къоламаш хьалаайдина девлла, (тептаран) агӏонаш йакъаелла а евлла»»