Ансарех волучу Абу ӏабдуллахӏ Джабир бин ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) дийцина, цхьана стага, пайхамарна (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тӏе а вахана, хаьттира аьлла:
««Дийцахь суна, нагахь аса пхи парз ламаз дахь, Рамазан баттахь марханаш кхабахь, хьанал дерг хьанал ларахь, хьарам дерг хьарам ларахь, цул сов хӏуммаъ ца дахь, ялсамане гӏур вуй со?». Цо жоп делира: «Ву»».