Саӏдан кӏанта Абу ӏаббас Сахӏла (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла:
«(Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тӏе а веана, хаьттира (цуьнга): «Хӏай, Аллахӏан элча! И йича со Аллахӏана а, нахана а везар волу ӏамал йовзийтахь суна.»
(Цунна жоп луш пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хӏуманна суьпа хила хьо - Аллахӏана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо - нахана а везар ву хьо»»