Вир-м шен денна ца гуш йисина хазчу йухкучу хӏуман а хьажа кхуьура, къаьсттина йухкуш йериг хаза чам болу ахьар делахь, тамархйаьхна, галешна дӏасайаьржийна бертигаш а йолуш лаьтта, хьаьжкӏаш а виран бӏаьрг тӏехь соцуш йара. И хьаьжкӏаш йухкуш верг а, шен галешца, ӏандаркъа а висира цхьа-а, шен кӏайн вирца, эххар а шерачу базаран майданахь. Гулъйалар а, йохар а цӏе санна сиха хуьлуш ду-кх нохчийн базаран. Тӏом баьлча санна вовшен:
— Ва. Товсари, сихо йелахь хьайн дӏайохказа йисина кӏалд, тӏедогӏучу базаран дийнахь дӏайухкур ахьа! – бохуш, хьуьнхахь хьонка гулбеш санна сиха шайн йохказа йисина хӏума а гулйеш вовшен мехьарий деттара базархоша аьлча а, базар йохорхоша.
Дохказа дисина хьажкӏийн ши гали хаьлхадериг-м дишнийн йуккъера Мовла цӏе йолуш, ӏандаркъин хенаца кхин дукха къийса йиш йоцуш хан йолуш къонах вара. Мовлин жимах волу кӏант вара дийнахь кха тӏехь хьаьжкӏаш чуйерзош шен вежаршца, ненаца болх а бина, базар чекхйолуш говран ворданахь шен дена тӏаьхьаван везаш, нагахь санна цуьнан шайолу хьаьжкӏаш базарахь дӏайохкар ца хилахь а аьлла, дисина хьаьжкӏашчуьра галеш цӏа дахьан. Амма, Мансур, цӏе йолу мовлин жимахверг стенна делахь а тӏаьхьавар ца хуьлуш висинера.
Йесса базаран майданахь висина ши къонах эххар а хабаре велира. Вира дара оцу къамелан чӏогӏа реза, хӏунда аьлча вовшен дуьхь-дуьхьал вирзинчу шина къонахан уллохь долу вир хӏинца а бертиг къовлаза йолчу галин чуьра кест-кестта кхевдаш хьажкӏан буьртигаш лахьон аьтто хуьлура. Мовла бохуш волу стаг а дика адам долучух тера дара, иза-м дуьхьала вацара генна некъ бина кӏадделлачу, мацделлачу виро жимма хьаьжкӏан буьртигийн чам баккхарх.
— Ой, хьо лакъара йуьртара ву боху ахьа? – хаоьттура Мовлас.
— Дера ву оцу гӏиллакхца а, хьаша-да ларарца а Нохчийчохь дика йевзачу оцу йуьртара-м со! – дозалла деш шен-мекхан йуьхьиг хьовзийра ӏандаркъас.
— Ткъа хьонка хӏокху шарахь муха хилира шу долчу хьуьнхахь? – къамел хийцан гӏоьртира Мовла.
— дера, хьонка дика бара хӏокху шарахь… Ай, иза-м шабериг а хӏокху базарах чекх ма белира, — аьлла. Дера хьаша веза ва! – шен цхьа оӏлана керара ца валалора йуьртан хьаша.
— Хьаша-м Делера стаг ма-ву! – тӏетайра Мовла.
— Ай, иза йоха-кх аса, — шен гӏуллакхаш толуш ду-й кхийтира йуьртан хьаша.