Цахилларг, хилла бо́хуш, къовсарца хабарш дийца лууш хилла цхьа хье́ран да́, хьалдолу стаг. Цахилларг, хилла о́лий, къовса а къовсий, къе́чу, мискачу на́хера цхьацца гирда хьаьжкӏаш йо́хуш хилла цо.
Цхьана дийнахь гирда хьаьжкӏаш ахьа веана цхьа миска нохчо.
Хье́ран да́с цуьнга аьлла:
— Цхьацца гирда хьаьжкӏаш а йахкий, къовса вайша, цахилларг хилла а́лий, муьлха тоьла хьажа.
— Къовса де́ра, — ре́захилла миска стаг.
Хьалха дийца воьлла хьо́лада́, цахилларг хилла, бо́хуш, бакъдина:
— Башха дика кхо́буш цхьа котам йара сан. Цхьана дийнахь котам цӏа чу а йоьллина, ваьлла гӏуллакхе вахара со. Шолгӏачу дийнахь, цӏа ма веанехь, айса котам чохь йитинчу цӏа чу хьаьжира со. Та́машийна хӏума гира сан бӏаьргашна: чоь йуьззина xloaш а дина, а́рахула, кӏур хьалабо́лучу туьнкалгана тӏе а хиина, ӏaш йара сан котам. Хӏун дан деза ца хууш, цецваьллачу аса, мах а белла, белхалой а гулбина, баьхьаца хьаьккхина а́ра а дахийтина, хӏоаш а́ра волавелира со. Оцу хӏоех керт йуьззина котамаш а, боргӏалш а йоьвлира су́на. Тӏаккха оьгӏазваханчу аса, цхьа бе́ха са́ра кара а эцна, кертахула дӏа-схьа лелхийра уьш. Цул тӏаьхьа и йерриге а котамаш а, боргӏалш а, цхьа котаммий, цхьа боргӏаллий хилла, дӏахӏиттира.
Шен къамел а сацийна, хьолахочо аьлла:
— Иза ду-кх сан цахилларг.
— Делахь дика ду, — аьлла къе́чу стага, — хӏинца ас дуьйцур ду хьу́на, ахьа ладогӏалахь.
Йоккха мазлагӏа йара сан, дуккха а накхарш а долуш. Накхар-мозашна йукъахь йерриге а мазлагӏана ха деш, иза ларйеш, цхьа боккха э́ла накхар-моза бара. Мича баха а ца хууш, тӏапъаьлла бахана байра и э́ла накхар-моза.
Иза кароза ӏийр ма вац, аьлла, цӏе́ра ваьлла, и лаха вахара со. Дикка хан-за́ма йаьлча, су́на хезира, сайн накхар-мозийн э́ла цхьана генна метте́хь ле́лаш бу, аьлла. Цига вахара со.
Лелаш, вахана оцу метте́ дӏакхаьчча, йалх стуца готанна дӏа а боьжна, стерчийн дукъо ницкъ бина ворта а йаийна, латта о́хуш лелош карийра су́на сайн накхар-мозийн э́ла.