– Хьо хьаьнга вогӏуш ву, жима къонах? – хаттар хезира.
– Кхуза…
– Мила везара хьуна?
– Цхьа а.
– Муха цхьа а?
Ас цхьаъ дийцира цуьнга хӏетахь. Хӏинца дага ца догӏу.
Тӏаьххьара йоккха стаг йолчуьра дӏавахча, дуккха а лийлира, кхин йуха ца вогӏуш, хӏун дича бакъахьа хир дара те бохуш, ойланаш йеш. Сан кхойтта бӏе туьма бен дацара. Иза а хала вовшахтоьхна а дара, доьзална пхьор а эшош, тӏе а, кога а ца духуш, наха санна. Йуха царах хьега а хьоьгуш, хӏетте а са а детташ. Йа хӏинца итт бӏе туьма лаха меттиг а бацара сан. Наха лур а дацара, пачхьалкхан алапах воллучу соьга оццул ахча духалург.
Йуха а цӏа эца а лаьара чӏогӏа, цу чуьра аравийла, цуьнга хьежа, сайн долуш санна, цу чохь охьавижа, йехха шуьйра паднар а йина…
Хӏуъа дина а, цхьа ворхӏ бӏе туьма вовшахтухур-кх, йоккха стаг ткъа бӏенна тӏе охьа а йаккха аьлла, вахара со цхьана сарахь.
Ков къевлина дара, догӏа а тухуш.
Йуха шолгӏачу сарахь а веара со иштта. Цхьа а вацара.
Тӏаккха лулахошка хаьттича, цара иза Пскове йахна элира, йиша кхелхинчу. Цуьнан йишин цхьа а бер дацара, тӏетуьйхира цара, хӏара цхьа йиша йоцург, кхин чоьхьара стаг а.
Лулахошна йоккха стаг цӏа маца йогӏур йу ца хаьара, шина кӏирнах йа баттахь алар бен. Суна иза оьшура. Цо цӏенош сихха духкур дуйла хаьара суна хӏинца, мах ца къийса а там бара сел чӏогӏа.
Вуьрхӏийтталгӏачу сарахь карийра суна иза. Сайна хуучух кадам а бина, дӏавахара, цӏенош хьахор башха тамехь а ца хетта. Йуха кхоалгӏачу сарахь со йухавеъча, йоккха стаг цхьацца хӏумнаш вовшахтухуш йоллура, коьрта ӏаьржа йовлакх а тиллина.
«Дӏайоьдуш йу со, кӏант, – элира цо, – дӏайоьдуш йу… Цӏа дохка мах а хилла сан, ткъе шиннах эханнах. Цигахь йишех дисна цӏа ду сан хӏинца. Цуьнан весет хилла иштта… Чӏогӏа къинхетаме стаг йара иза, миска».
Ас ткъе кхоъ лур ду элира айса, лаахь – ткъе пхиъ, ткъе итт а.
Иза цеце схьахьаьжира.
Ахча схьа маца да хьуна, тӏетуьйхира ас, иза йистхила кхиале.
«Хьан ахча дан ма дац, кхойттаннах ма ца духку ас, хьо нийса ца кхетта хьуна», – элира цо.
Ас дош делира, ӏуьйранна бархӏ сахьт далале ткъе кхоъ бӏе туьма а дохьуш, со кхочург хиларх иза тешош.
Цуьнан бӏаьргаш соьга хьаьвссинчохь севцира.