Адмаша шаьш динчу цӏено чу хӏиттош долу маьнгеш, гӏанташ, истолаш санна, чӏе́гӏардигаша а кечбора шайн бен.
Амма цхьана дийнахь делкъана со ишко́лера цӏаво́гӏуш су́на дуьхьала хьаьдира Рамзан а, Ражап а. Велхаволлуш вара сан жима ши ваша.
— Шуна хӏун хилла? Цхьаммо йиттина шуна? – хаьттира а́са.
— Вайн чӏе́гӏардигийн бен чубоьжна, — доьхначу озаца э́лира Рамазанас.
— Уохьа… боьжна! – воьхне́ра Ражап а.
Со сихха уьйттӏа вахара, вежарийн куьйгаш а лаьцна, цаьрца цхьана.
Рагӏу́н кӏелхьара дукъох ла́ми а гӏортийна, Зийна йара цхьаъ-м деш йоллуш.
Тхоьга цхьаъ а́лан гӏерташ пӏелг хьежош жима Ризван а вара ла́мина улло́хь цӏенкъахь палсана тӏехь ӏаш.
— Хӏун хилла, Зийна? – хаьттира а́са сихлуш.
— Дукъуна тӏехьаькхинчу кирано тӏе ца лаьцна чӏе́гӏардигийн бен бина болу поппар. Деккъа цӏена дечиган дукъо хиллехь-м лаьттара бара и бен, — кхетийра со на́нас.
— Ткъа хьо хӏун деш йу оцу тӏехь? – хаьттира а́са не́нан буйнахь жӏов а хаайелла.
— Кӏела даккхийра хьостамий а тоьхна царна тӏехь бен данисбеш йу-кх! Гӏуллакх хилахь та́маша-м бу! Адамийн куьг кхеттий хаалахь, ца́ра кхуссий буьту шайн бен! – ша́-шега о́луш санна. Со кхетийра Зийнас, ша́ дан леринчух.
Сихо йеш, чӏе́гӏардигийн бен чухоьурболуш горга кӏелатоьхначу беъа хьоста́машна техь и дӏа а нисбина, ла́мин тӏера чуйоьссира Зийна. Ла́ми йуьстаха а боккхуш, сихха шеца тхо а дуьгуш уьйтӏа йуьстаха йе́лира и рагӏу́на кӏелхьара. Геннара хьийса дуьйлира тхо массо а хиндолчуьнга. Хӏинца-м мотт ӏа́маза волу жима Ризван а вара дӏитийна, цхьа бохам хилларах кхетта. Дикка ӏийра тхо чӏе́гӏардигаш шайн бенчу дерзаре сатуьйсуш, амма иза эрна дара.
— Кхин хӏокху керта до́гӏучуьра девлла и чӏе́гӏардигаш! – догдоьхна э́лира тхан на́нас. Дан хӏума дац… Да́ла доьгӏна хилла иза иштта. Дуьло, хӏинца рагӏу́н кӏелахь, шайна лаахь, хелха довла а мегар ду шуна, — догдилларца тӏетуьӏхира цо жимма ӏийча.
Рагӏу́н кӏелахь хӏума кхоллуш ӏаш, кест-кестта хьала хьожура со, чӏе́гӏардигаша оццул къахьоьгуш бинчу бене. «Ирс дохьуш кхаьчна уьш вайн рагӏу́н кӏела!» — не́нан дешнаш дагадаьхкира су́на.
— Зийна, хӏинца вай ирс до́цуш дисина-кх? – хаьттира а́са не́не.