Ма а́ла йезнариг соьга
Йахна хан йо́гӏур йац йуха,
Ма а́ла безам бац соьга
Битахьа верза некъ йуха.
Ма хила ойланца йоьхна,
Догӏахьа даге хьай ла,
Ма ба́ха безаман, гӏа́ла вайн йоьхна
Ма ба́ха хала дац, хьайна и лан.
Сих ма ло йезнариг, безамах ха́да,
Доьхначу дагтӏера ха́да бан мах,
Вайша ца хьажахьа, вовшех ца ха́да,
Тешалахь вайшинна хьовсур бац нах.
Бо́ху ахь вицлур ву, ва́лале ге́на,
Бо́ху ахь бӏаьргаша лоьхур вац со,
Дилхина лекъначу, ца́ра соь бо́ху
Дуьйцучу хабарех теший ма гӏохьа…
Къинтӏера йа́лахьа, йезнариг су́на,
Хьо йуьтуш вахарна, ге́начу махка,
Тешалахь воьрзур ву, виначу махка,
Лардина делла дош хьу́на…