– Даха ца дезара шу цига, – реза ца хилира ӏела. – Цхьажимма йахь хила ма йеза ткъа. Вешан латта гӏалгӏазкхашна а, вешан эпсаршна а далийтина, хӏинца иза йолах йа йукъахь лело, цига эха дуьйладелла-кх вай.
И дешнаш шега кхечо аьллехь, оьгӏазгӏур вара Жаьнтамар. Амма цунна дика вевзара кураллех чо шен дегӏаца боцу догдика ӏела. Хаьара, цо хӏуьттаренний, гамонний дош эр доцийла.
– Хӏун дийр ду ткъа, ӏела, – доккха садаьккхира Жаьнтамара. – Валлахӏ Делора, ца доьлху хьуна тхо цига хазахета-м. Хӏара цӏоз кхузахь хене даккхалац. Ткъа тхан долахь тӏе верта даржжол а латта дац. Хьун хьакха а ницкъ бац. Стохка, ши кӏант эцна вахана, цигахь хӏара шуьстий, йеттий денбинера ас. Ӏа тӏедаллац болх а бина, тхаьшна хене довла рицкъа а гулдина, цӏа догӏур ду боху ойла йара-кх.
– Хьайна дика хаьа хир ду-кх хьуна. Марша гӏойла, некъ дика хуьлда шун! – Жаьнтамарна мараиккхира ӏела. – Дала шайн даго боххург нисдина, могаш-маьрша цӏа дерзадойла шу!
– Дела реза хуьлда хьуна а, марша ӏойла! Далаза дисахь, гур ду вайна…
Жаьнтамар ша Гати-Юьртара вацара. Ткъех шо хьалха Соьлжан йистера йа Теркацара веанера хаац, цаьршиннах цхьанхьара-м йагийначу шайн йуьртан метта гӏалгӏазкхийн станица йиллича, доьзалца Нохчмахка веана, кхузахь сецира иза.
Иштта хьалабаьхкина доьзалш ӏаламат дукха бара Нохчмахкахь.