Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь цӏий ӏанийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь цӏийӏанор чекхдаьлча, паччахьан ӏедало дӏалийцира хинболу гӏаттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу ӏеламнах. Маьрша бисинчех дуккха а коьртахой, тайпанийн тӏеман тхьамданаш а, кхерабелла, севцира.
Хӏинца дерриг а йухадоло дезара.
Цуьнан ойла йора Маккхалий, Аьрзуссий, хаддаза цхьаъ дуьйцучу жимачу Болате ла а доьгӏуш.
Сту Бийна Аре а хадийна, Бесачу-Берда тӏе хьала а девлла, Эгӏашта боьдучу новкъа хьуьнха доьлча, Болат луьйчура сацийра Аьрзус.
– Хӏан, Болат, тоьур ду ахь тхуна дийцинарг. Хьуьн чохь чӏогӏа дийца ца мега хабар ду хьайниг. Хьанна хаьа, вайга ладоьгӏуш цхьаъ хилахь… Хьоьга ладоьгӏначо цхьаммо а эр дац, хьо шозза лам чохь хилла. Самонна дика ца ӏамийна хьо къеначу Залмас.
Шен гӏалатна бехкалвахана Болат, эхь хетта, корта а таӏийна, вист ца хуьлуш сецира.
– Мичхьа соцу тхойша? – хаьттира Аьрзус Болате.
Болата, саца а сецна, охьа чу пӏелг хьажийра.
– И дӏо лаьтта ши поп гой шуна? Царна кӏел шовда ду. Говрашна церг хьакха бай а бу цигахь. Шуна ца гуш стаг тӏевогӏийла а дац. Ший а цигахь саца, со сихха йухавогӏу.
Коьртара схьабаьккхина бӏегӏаган куй кара а лаьцна, шен хеча лаккха хьала а оьзна, дӏаиккхина
Болат, берзинчу когашца ченан кӏур гӏаттош, цхьа бӏе гӏулч дӏа а вахана, тӏаккха некъах дӏакъаьстачу цхьана гӏашлойн новкъа хьуьн чохь къайлавелира.
Лакха гу тӏе хьалаваьлча цхьана зоьрталчу попа тӏеваьлла иза, гӏа дуькъачу шалгонна тӏе а хиъна, дӏатийра. Цигара цунна дика гора ша Аьрзуй, Маккхаллий тӏехьажийна шовда а, лаьхьа санна, сетташ ломах охьабогӏу гӏашлойн некъ а. Оцу новкъа схьаван везара Берса. Амма гуш хӏумма а дацара. Гондӏа бӏаьрг бетта кӏордийначу Болата шен эттӏачу гӏовталан чухула хечин борчах йоллу тапча схьайаьккхира. Вуьшта а цӏеначу цунна леррина бӏегӏаган куй хьекхна, мокхазан иралла а зийна, цхьацца хӏуманна нийсалла хьежо велира иза. Амма цо сих-сиха бӏаьрг тухура гӏашлойн новкъа хьала, охьа, шовдане.