– Ткъа вай вешаниш лерац, – дуьйцура Маккхала кхидӏа. – Вешаниш хӏаллак муха бийр бара-те бохуш, лела. И хуучу арахьарчара цунах пайдаоьцу. Жа санна, шайна луъ-луучу агӏор дӏасахьийзадо. Къуръан тӏера цхьа-ши айат дагахь деша хууш хилчахьана, арахьара стаг ги вуллу. Кара а оьций, куьйгаш тӏехь лелаво. Даош, малош, тӏедухуш кхобу. Вешан Мансурах хӏун дира вай?
– Уьш массо бехвар нийса дац, доттагӏий. Оцу тӏебаьхкинчарна йуккъехь а бара майра а, хьуьнаре а, оьзда а къонахий. Халкъ дезаш, даггара цуьнан маршонехьа, бусалба динехьа а къуьйсуш, леттарш, белларш а бу.
– Ишттаниш кӏезиг бара царалахь, – элира Маккхала. – Вайн вешаниш дуккха а хир бара, вайна хилийта хиънехь, хилларш ларбинехь. Вайна ца хаьа вовшийн лера, вовшийн сий дан. Вовшашна йуккъера хьаьгӏнаш, гамонаш йу вайх адамаш хила ца дуьтурш. Халкъан барт белахьара йа и барт бан къонахий белахьара, хӏара ӏедал тӏера дӏакхоьссина йа цуьнца машар хилла, гӏуллакхах тоххара цхьа агӏо йаьккхина хир йара. Хӏинца иза а йа важа а дац. Ӏу воцу бажа санна, даьржина лела.
– Хӏун дийр дара ткъа, хӏокху масех бӏе шарахь иштта ӏамийна-кх вай. Даим дӏа тӏемаш, хийрачийн олаллина дуьхьал къийсам. Шаьш бӏарздича, хӏораммо а кӏелхьарвала некъ лохура. Боьхий, цӏений ца къестош.