Нахана со ву моьтту стаг сох винарг уггар хьалха сан хӏусамнана, тӏаккха доьзал а бу, хьаша».
И хабар а дийцина, цунах жамӏ ца деш, йуха а дӏатевжира Берса.
– Иштта ду гӏуллакхаш, кӏентий. Вай хьалха ма-аллара, стеган сий шегара, шен доьзалера долало. Уггар хьалха ваьш лера хаац вайна. Эрна ца аьлла Шемала: нохчийн шайн диканиг лакхавоккхуш гу а бац, вониг чутосуш ор а дац. Бӏаьрзе ду вайн халкъ.
– Хӏетте а, Берса, луларчу халкъашца дуьстича, дукхе-дукха маьрша даьхна вайн халкъ. Гихь элий а боцуш. Вархӏий дайшкахь дуьйна дуьненан цхьана а паччахьна хьалха корта а ца таӏийна. Хӏинца а таӏо ойла а йац. Оццул дакъаздаккхий а ма дийцал аш вайн гӏуллакх.
– Ма бӏаьрзе стаг ву-кх хьо, Аьрзу, – мохь белира Маккхалан. – Вайн халкъан а ма бара шен хьолахой. Царал сов, тӏебаьхкина элий а, неӏ хьеллац вайн халкъ дацош. Бакъду, кхечу къаьмнашкахь санна, хьолахойн долахь дацара вайн адамаш. Цхьаннех бозуш боцуш, маьрша баьхна вайн дай. Хӏор а стага ша лардора шен сий, маршо. Цунна гӏаролехь лаьттара вайн ӏадаташ а. Амма пайда барий ткъа оцу маршонан, дерриг халкъ къен, бодане хилча? Бакъду, луларчу къаьмнийн элий къиза бу, цара шайн халкъаш сийсаздо, ӏазапехь дахкадо. Амма – оццу элаша, дуьхьало ца йеш, шайн лаамехь оьрсийн паччахьехьа а бевлла…
– Цулла а, хьийзораш ца йеш, нийсса алахьа: ахчанах, чинех шайн чоконций бохкабелира. Шайн халкъаш а доьхкира.
– Иза-м хууш дерг деца. Мухха делахь а, оьрсийн паччахьехьа а бевлла, шайн къаьмнаш оцу бехачу тӏамах, эрна хӏаллакьхиларх кӏелхьардехира цара. Хӏинца церан ӏеламнах бу. Бусалба а, оьрсийн а дешар дешна. И халкъаш вайл токхе а деха.
– Вайл дика-м ца бехара уьш. Машаре, синтеме а беха. Хьалха шайн элий бара церан йаьӏни тӏехь. Паччахьан ӏедал тӏедеача, цо шен дукъ а доьлли церан коча.