Тӏаккха Нохчийчоь кхаа декъе йекъало. Дагестанах а хеда. Цуьнан тӏаьхье бӏаьрзечунна а гур йу.
– И сацам маца хилла? – хаьттира Маккхала.
– Дӏайаханчу аьхка. Лорис-Меликовн план йу иштта. Амма, паччахьан вашас хӏинца а иза чӏагӏ ца йина бохуш, хаамаш бу.
Цхьана ханна къамел сецира церан. Аьрзу а, Берса а дӏатевжира, ткъа Маккхал синтемза волавелира. Кхааннах цхьа Берса вара сапаргӏат. Накъостех дага ца ваьллехь а, цо сацам тӏеэцнера хьалххе. Цундела доттагӏашка ойла йойтуш ӏара иза.
Малх чубуза регӏа лахбелча, ломара цӏа эха дуьйлира адам. Уьш стерчийн ворданашкахь а, гихь а дечиг дохьуш богӏура. Берсина хаьара и дечиг цара шайн цӏерачу кхерчахь даго ца дохьуьйла. Цхьаболчара ма-боьлххура редуте хьур ду дохка, ворданаш йолчара кхана-лама – Соьлжа-Гӏала. Иштта дечиг духкуш йаьккхинчу кӏеззигчу шай-кайнах шайн доьзалшна тӏейуха цхьацца тӏелхиг а, туьха-мехкдаьтта а оьцу цара.
Дӏасакъаста деза хан тӏекхаьчнера.
– Маьӏӏаргона вицлора-кх со, – элира Берсас, охьа а хууш. – Польшехь долчу хьолах хабар хезний-те Данчӏина?
– Полякашца дерг чекхдаьлла. Хьаьшна уьш.
– Россехь?
– Хийцамаш бац. Муьжгийн карзахаллаш дено-дено лагӏлуш йу. Цаьрга догдохийла а дӏайаьлла.
– Изза хила доллу-те вайх а? – элира керлачу хаамаша сагатдинчу Аьрзус. – Оцу полякех а, оьрсийн муьжгех а йолу дегайовхо а дӏайолуш йоллу. Паччахьан арахьа тӏом хир бу ала меттиг а ца го. Нагахь ӏедал кхузахь и шен ӏалашо кхочушйан гӏортахь, дуьхьало йан цхьа а тайпа кечам бац вайн. Тӏе, махкана чоьхьа а, арахьа а гӏуллакхаш нисдина ӏачу паччахьо, вай гӏаттам болабахь, шен берриг ницкъ Нохчийчу тоттур бу. Дала цхьа некъ ца гайтахь, тахана цкъа бӏаьрзе ду вай.
Берса, охьа а хиъна, Аьрзуна тӏевирзира.
– Ахь муьлха некъ гойту? – хаьттира цо.
– Уггар хьалха, пхеа йа ворхӏ стагах тӏеман кхеташо кхолла йеза вай. Царах цхьаъ коьрта ца хилча-м вер вац, амма цо кхеташонан дукхахболчийн лаам кхочушбан дезар ду. Дика хир дара, кху цхьана баттахь вайн йерриг йартийн векалийн гулам кхайкхийна, цигахь тӏаьххьара сацам тӏеэцча. Йа, вуьшта аьлча, нагахь ӏедал йарташ кхалхо долахь, сихха гӏаттам боло.