Вийначу пурстоьпан меттана цул а Дала тоьхнарг хӏоттаво. Цунах, зен бен, пайда балац.
– Вара, хьаха, ву шен цхьа буьрса амалш йолуш стаг, – доккха садаьккхира Маккхала. – Шелахь хиллачу гӏуллакхо дог акхадаьккхина цуьнан. Иза хӏинца йа нахах а, йа ӏедалх а ца теша. Ас масазза аьлла цуьнга и хьуна хетарг. Аьттехьа а ца дуьту.
– Кӏеда аьлла ахь, – ӏоттаре тӏетуьйхира Аьрзус. – Цунна хаа деза, ша лелочара вайн йукъарчу гӏуллакхна зулам дойла. Цо бицбан ца беза дӏадаханчу шарахь кхечаьрца цхьаьна шел лакхарчеран омра кхочушдан а, тешаме хила а ша биъна дуй. Дӏахаийта цуьнга, нагахь санна ша бахьанехь цо кхул тӏаьхьа адамна сингаттам балийтахь, иза шен коьртах вериг хилар. Хӏораммо а шена луъ-луург лелийча, вай вовшахдетта гӏуллакх хӏаллакьхир ду, ткъа иза хуьлийтийла дац, муьлххачух хӏуъу хилла додахь а. Вайх хӏораммо, дуйнаца чӏагӏдеш, пурба делла, нагахь шегара йамартло йаьлла, бартах воьхна меттиг хӏоттахь, кхел йоцуш шен цӏий хьаналдеш.
Аьрзун богучу бӏаьргаша а, оьгӏазечу къамело а гойтура цо дуьйцург цуьрриг забаре цахилар.
– Деллахьа, Берса, хьуна тӏе кхин а цхьа гӏуллакх деана оха, – стенна делахь а, гӏеххьачул бехкалвахана долийра Маккхала. – Гати-Юьртахь бохам хилла кху некъехь. И ӏоса боху жӏаьла делла шен кӏентан карах…
Маккхала доцца дийцира Гати-Юьртахь хилларг.
– Селхана цига веанчу пуьрстоьпо, лаьцна, Ведана хьалавигна Ловдий, Васаллий. Кхузахь Васалан бехк болуш хӏумма а дац. Бехк-м Ловдин а бацара. Дукха хан йара и боьха жӏаьла дийна дӏадаккха деза. Куьг бехке Ловда кӏелхьарваккхалур вац. Амма Васал кӏелвахийта йиш йац, хӏуъу хилла латтахь а. Хьуна ма-хаъара, бевдда вайгахьа бевлла салтий йуха шайн кара нисбелча, цаьрца къиза хуьлу ӏедалхой. Цул сов, цкъа-делахь, Васалан кегийра доьзал буьсу цӏа дуьззина. Шолгӏа-делахь, шен дегӏан дола ца далуш, зуда цомгаш йу. Уггар коьртаниг – бевдда ваьшкахьа бевллачу салтийн дола дан деза. Нагахь вай и ца дахь, ӏедале царна ницкъаш байтахь, тӏейогӏучу ханна вайх тешам бовр бу церан. Тхуна хьоьгара гӏо оьшу, Берса.
– Ас хӏун дан лаьара шуна?
– Деллахьа, хаац суна-м, Берса. Оха-м, ӏедалера схьа а ваьккхина, обарг волуьйтур вара иза.