– Полконак Къосам хьан хьаша вара, хьан нанас хьакхийна кхача биъна цо, Болат.
– Мостагӏ ӏехор къилахь дац, ваши.
– Ас ца боху хьоьга, иза хьан хӏусаме воьссина хьаша вара? Тӏе, Къосам шен халкъан мостагӏ а вац. Хьан йуьртан махка тӏера дӏаваллалц, хьан мостагӏ вац иза. Хьуна ца хаьа-кх вайнехан гӏиллакх. Декъаза Данчӏа! Цхьаъ бен кӏант а вац, иза а йамартхо кхуьуш ву.
– Бехке ву со, ваши…
– Бехке хилла а ца ӏа. Иэхь дина ахь хьайн дена а, нанна а, тайпанна а. Къонах даим догцӏена хила веза доттагӏашца а, мостагӏашца а. Йамарт хилахь, доттагӏий хир бац хьан, мостагӏий а кхаьрдар бу хьох.
Йекхначу стигалахь меллаша нека дечу батто серладаьккхира ӏалам. Кхушиннан некъ хадош, наггахь чекхъоьккхура цхьогал йа пхьагал. Ша Берсица къамел дахь а, Болата сема ладоьгӏура хьуьнан дахаре.
– Хьо гӏазкхашна луьйш, Къосама цаьргахьа гӏо дохуш санна хийтира-кх суна.
Ша къамеле ца ваьлча, и кӏант соцур воцийла хаьара Берсина. Цунна ара ма-ваьллера иза.
– Хьуна ма-хетта дац иза. Сан а, Къосаман а оьрсий тайп-тайпана бу. Хӏорамма а шен-шенчаьргахьа гӏо дохура.
– Бекъна ашшимма уьш? Со-м ца кхета ахь дуьйцучух.
– Кхета хала ду хьуна. Ахь дешахь, кхетар ву.
– Кӏез-мезиг Къуръан деша-м хаьа суна.
– Ас оьрсийн школа хьехайо.
– Хӏета, оцу школах лаций дийцахьа. Тохара а дийца долийнначохь висира вайша.
– Хӏаъ, дагадогӏу суна. Школашкахь вайнах шайн халкъ ца деза ӏамабо, элира ахь.
– Нийса ду иза-м.
– Иштта хӏунда моьтту хьуна?
– Сайна го дела.
– Масала?
– Къосаме, Орцега а хьажал.
– Ас а дешна оьрсийн школехь.
– Хьо вац ас вуьйцург.
– Со хӏун башха ву?
– Сан ненан ваша йамартхо хуьлийла дац.
Цкъацкъа воккхачо санна ойла йора кӏанта. Цуьнан цӏеначу даго сиха дӏахудура баккхийчаьргара хезнарг, гинарг. Бакъ дара цхьаболу нохчийн эпсарш йуьххьехь дуьйна шайн халкъан цӏий ӏено паччахьан ӏедална гӏо деш хилар. Оьрсех а, оцу эпсарех а шен ойла кхоллайеллера кӏентан.