Доьналла а, оьздангалла а йоцу стаг ву кхералург, вухург, йамартло, тешнабехк бийриг. Шайх Мансуран заманахь Алда йоккхуш, лаьцна ши кӏант йийсаре Россе вигнера салташа. Цаьршиннах цхьаъ вайша вийцинчу инарлин Раевскийн доьзале нисвелира. Иза, шайн кӏант санна, везаш, хьомсара кхиийра цара. Воккха хилча, эпсарийн школехь дешийтира. Цхьана паччахьан эскарш тӏамца Россе даьхкича, царна дуьхьал тӏамехь йоккха майралла а, даккхий хьуьнарш а гайтарна, сихха инарла вира цунах. Хӏинца оьрсийн эскарехь сий деш, лоруш турпал ву иза.
– Цуьнан цӏе хӏун йу?
– Цуьнан бакъ цӏе хаац цхьанне а. Оьрсаша Нохчийн Александр аьлла цӏе тиллина цунна. Ша велла дӏаваллалц цхьана минотана а ца бицбира цо шен даймохк а, ша вина йурт Алда а. Кхин а ишттаниг хилира Бийболатан заманахь, ахь вуьйцучу Ярмол-инарлас Дади-Юрт йоккхуш. Йелла ӏуьллучу нанна уллохь жима кӏант карийра салташна. Цхьана салтичо, къа а хетта, шеца дӏавигна кӏант. Цо ги а воьллина лелош кӏант гича, Ярмолан шичас шена дӏавигира иза. Цкъа Типлисе вигира, цигара дӏа – Россе. И кӏант кхиира оьрсичун доьзалехь. Воккха хилча, цунах Россехь гӏараваьлла художник хилира.
– И бохург хӏун ду?
– Суьрташ дохкург. Цо ӏаламат говза адамийн суьрташ дохкура. Стагана тӏе а хьожуш. Иштта цо а сатийсира шен даймахке.
– Хӏинца вац иза?
– Вац, Болат. Сан хенара волуш велла.
– Цомгаш хилла хир ву-кх иза?