Цунах кхоьруш, шайн долара ахархой мукъабовлале, цаьрца хьалххе Турце кхелхинера Кубанерчу ламанхойн мехкадай. Амма Кундуховна иштта ведда ваха ца лаьара. Хьанна хаьа, цигахь ма-луъу ца нислахь, йухаверза ма деза. Цундела Россера дӏавала везара, правительствона хьалха дикачу цӏарла а хуьлуш, безачу мехах цунна шен латта, бахам а бухкуш.
Шен доларчу йуьртан ахархошца ваха а ца лаьара Кундуховна. Иза тӏемало ву. Ткъа цуьнан ахархой, латталелорна бен, кхин пайденна бац. Турцехь царна лело латта хир дац Мусина, уьш тӏаьхьа а хӏиттийна Турце вахарх, цигахь карьера йалур йац цуьнга. Цул, Нохчийчуьра уггар паччахьан ӏедал ца деза, бехачу тӏамехь вахчавелла цхьа эзар нохчо а эцна, Турце кхелхича, цигахь цунна йиллина хир йу ирсан неӏарш. Церан цхьана-шина полкаца иза гӏаравер ву цигахь. Хьанна хаьа, цуьнца цига вогӏург-м масех эзарне кхача а мегий. Цхьа дивизи нохчийн дошлой! Уьш-м цо дуьненан муьлххачу а пачхьалкхан дийнна эскарх а хуьйцур бацара. Цаьрца дан цунна шортта гӏулакхаш ду Балканехь а, Анатолехь а. Нагахь Турцис цхьаьнца тӏом болабахь? Тӏаккха цаьрца Месопотамехула, Аравехула, Египтехула чекхвер ву иза. Ткъа Россица-х тӏом цкъа а хедаш бац. Росси бӏаьрга ган ца йеза нохчий, оьрсийн тӏеман говзалла а, Кавказ а йевза инарлий – иза кхиаме закъалт ду. Веза Дела, цуьнга шеца Шемалан гӏарабевлла нохчийн наибаш – шелахойн Тӏелхаг, курчалойн Ботукъа, гиххойн Сайдулла, бенойн Солтамурд, мичкахойн Соӏда, веданхойн Эдал – бигабелча! Тӏелхаг а, Бойсагӏар а дийна велхьара, ӏумма а, Атаби а лацаза велхьара.
И ойланаш дукха йинера Мусас оцу тӏаьххьарчу шарахь. Турцехь нохчий тӏеэцаран гӏуллакх а цо дӏанисдинера. Цигахь цунна сацамболлуш дош деллера эскарехь лаххара а пашин чин дала. Цкъачунна и тоьур ду. Иза ламин хьалхара тӏегӏа ду, цигахь оцу тӏера хьалаволалур ву Муса.
Амма уггар коьртаниг хьалха ду: нохчий цига дӏакхалхор.
Нагахь Сайдулла а, ӏелаха а тӏетахь, цаьршингахула бисинарш тӏеберзо ницкъ кхочур бу цуьнан.
Тахана къасто деза Мусас дагалаьцнарг кхочушхир ду йа дац. И ойланаш а йеш, шен доза доцуш шуьйрачу махке бӏаьрг а бетташ, накъосташна иттех гӏулч хьалха воьдура иза.