йуьхь тӏе хьаьжча, хаалора цамгарочул тӏех цуьнан садууш кийрахь кхин бала хилар. Хеназа къежделлачу шен месалчу мекхех куьг а хьаькхна, ахь жоп лохьа бохуш санна, Сайдулле а хьаьжна, хьала а гӏеттина, халла хаалуш цхьана когана астагӏ теӏаш, вахана коре дӏахӏоьттира иза.
– Хьан хаттарна жоп дала хала ду тхойшинна, Муса, – элира Сайдуллас эххар а. – Гӏуллакх тхойшиннан догӏмаша, тхойшиннан доьзалша къастош хилча-м, жоп дала хала дацара. Амма ахь халкъана тӏера жоп доьху. Цунна векал ца вина тхойша цхьаммо а.
Кундуховс, корта агӏор саттош, ши куьг дӏасатесира:
– Сан йиш ма йац дерриг шун халкъе сайн къайле дӏакхайкхо. Шуьшиъ церан корта бу, цул сов, суна тешаме ши стаг а ву. Нагахь шайн халкъана дика болх шаьш лехахь, хьекъале жоп ло.
Хьалхахӏоттийначу халачу хаттаро ларйоцуш йайъира Сайдуллин челакхалла. Хӏинца цуьнан йуьхь ца йогура цӏечу басахь. Бӏаьргаш чохь ца йогура цӏе. Тахана дуьххьара хӏоьттинера цунна тӏе дийнна халкъах дош дала дезаш хала киртиг. Дӏадаханчу ткъа шарахь иза майра тӏемало вара. Цо ша ма-аллара, иза Тӏелхаган куьйгаш дара, ойла Тӏелхаган коьртаца йора цо. Ма атта дара иштта! Хьаргӏачу дина а хиъна, баттара тур даьккхина, дошлойн бӏаьна хьалха а ваьлла, мостагӏий цеста. Хӏетахь иза даим а толамца йухавоьрзура. Ткъа хӏинца? Хӏинца цунна уллохь бац цуьнан бӏаьхаллин накъостий, баккхий тхьамданаш. «Уьш хир бац кхузахь. Цаьрга йуьйцур йац Мусас шен къайле. Тхо цхьа масех ву царах вохкавелларг. Хӏун дан деза? Дӏа а вахана, царах дага а ваьлла, веача? Амма царна а ца веза-кх со. Царна гергахь со дохкаделла жӏаьла ма ду…»
– Сайгга жоп далалур дац соьга, Муса. Цӏа а вирзина, цхьаццаннах дага а ваьлла, иттех де далале йухавогӏур ву со.
– Хӏан-хӏа, Сайдулла, и баккхал йан лаац суна. Ас вовшахдеттарг къайлаха гӏуллакх ду. Хьуна хӏинца а дерриг ца хаьа. Кху чуьра шаьшшиъ аравалале, сецна жоп ло суна.
Сайдулла йуха а дӏатийра. Иза ша а вацара керла гӏаттам кхиамца чекхбериг хиларх тешаш. Шелахь хиллачу гӏуллакхо хӏаллакбина цуьнан коьрта тхьамданаш. Нохчашна йуккъе охьахаийна герзах воьттина бӏе эзар гӏалгӏазкхи ву. Гӏаьпнашкахь лаьтташ дуккха а эскарш ду. Стаг чу ца вита атта ду,