«Цунах лаьцна шега йиначу докладе ла а доьгӏна, Государь-Императорна шен лаам схьахьебан лиира, нохчий нуьцкъаша кхалхоро Кавказан ламанан дерриг къаьмнашна тӏе зуламе ӏаткъам баржориг хилар а, цул сов, гӏуллакх оцу хьола тӏе даьккхича, дуккха а харж йан дезарг хилар а, цундела Цуьнан Императорски Вокхаллина ала лиира, Нохчийчоь дӏатейаран гӏуллакх ницкъ ма-кхоччу машаран некъаца – нохчий шайн ма-хуьллу бертахь кхалхош – дӏадерзор шена лууш хилар».
– Делахь хӏета, уьш бертахь дӏа ца бовлахь, цигахь бита деза-кх?
– Хӏан-хӏа, кхидӏа дешал ахь!
«Амма, гӏуллакх иштта бертахь чекхдалар хьалххе ган таро йоцчу цхьацца бахьанех, минотех дозуш хиларна, Кавказски Начальство записки тӏехь гайтинчу халчу хьоле йожа а, тӏаьххьарчу таронашка кховда дезаш меттиг нисйала а тарло, цундела, иштта меттиг тӏехӏоттахь, Государь-Императоро Хьан Императорски Локхаллина пурба ло хьайна хетта некъ дӏабахьа а, амма, ца хуьлучу далахь, хӏуъу дина а, берриг нохчий Соьлжан а, Теркан а аьрру агӏон тӏе кхалхорна тӏехь йуха ца довла а.
Тӏеман министр инарла-адъютант Милютин»
– Хӏинца кхеташ ду, – резахилла корта таӏийра Лорис-Меликовс, записка Карцовга йуха а йерзош. – Кхийолчу йерриг а таронех пайдаэцарх гӏуллакх ца хуьлуш кӏелдисахь, герзийн ницкъаца нохчий шайн обаргийн баннашкара дӏалахкар а, цигара дӏабевлчхьана, шайна луъучу агӏор уьш дӏабаха битар а.
– Хьо нийса кхета, хьомсара Михаил Тарелович.
Лорис-Меликовс, цхьаъ ала лууш, амма муха долор ца хууш, чухула дӏаса пенашка бӏаьрг тоьхна, жовхӏарша кхалийначу пӏелгашца стоьла тӏехь йайн вота йолийра.
– Амма инарло Кундуховс туркойн правительствоца биначу бартана а, аш иза къобалбарна а со реза вац, – элира цо эххар а. – Кху халачу некъашкахула леррина оцу хьокъехь веана со.
Карцовс бете хьош йолу луьлла сацийра.
– Хьо реза ца хила бахьана ду ткъа?
– ӏаламат доккхачу маьӏнин.
– Хаа мегар дарий?
– И дерриг Цуьнан Императорски Локхалла волчохь дийца дезар ду.
Александр Петровича резавоцуш корта хьовзийра:
– Хьоьга ладегӏа цуьнан хан хир йу ала, ма хаац суна.
– Хӏунда?
– Иза цхьана масех денна садаӏа Коджаре воьдуш ву тахана.