иза, пхьарс лаьцна. – Со ӏаламат воккхаве сайна хьо могаш-маьрша гарх. Хьуна хилла берриг цатемаш хиира суна, амма гӏо дан ницкъ бацара. Охьахаал. Схьадийцал.
– Баркалла хьуна, Карл, баркалла! – кӏедачу кресло чу везза охьахиира Бакунин. – Баккъал а аьлча, ца моьттура сайна маршо а, накъостий а гур бу. И ший а ца хилийта, шайн ницкъ мел кхочург дира кхаа тирано. Ткъа хьо-м, хьомсара Карл, верриг кӏайн ма ву! Мича йахана со даим а хьегна ӏаьржа месаш, маж а?
Доьзалехь бераш леш а, къоьлло хьийзош а дукха баланаш ӏийшинчу Марксана ца лиира шен сирваларан баккъал а долу бахьанаш хьехо.
– Набахтехь бен, гӏайгӏанаш йац, моьтту хьуна, Михаил? – кисанара схьадаьккхина цигаьркийн гӏутакх стоьла тӏе охьадиллира Маркса. – Нийсса аьлча, хӏара Европа ша йу дийнна цхьа набахти. Тӏаьххьара суна хьо гичахьана, йалхитта шо даьлла. Иза хӏумма а кӏезиг хан йац. Тӏехула тӏе, болх а бу логгец. Тӏаккха, оцу кхаа хьехархочо дукха хӏуманах кхиийна хир ву хьо?
– Ахь хӏун дуьйцу! – воьлура Бакунин, шен дуькъачу мекхех куьг а хьоькхуш. – Вовшашка дегабаам ца байта, кар-кара а луш.
Шуьйра йуьхь, лекха хьаж, месала маж йолчу зоьрталчу Бакунинан аьрха амалш хаалора бӏаьрг ма-кхийтти. Ткъе итталгӏачу шерашкахь оьрсийн революционни-демократашна гергавахана иза шовзткъалгӏа шераш долалуш паччахьан а, цуьнан правительствон а цкъа а машар хир боцу мостагӏ хилла дӏахӏоьттира. Иза цӏахь воцуш паччахьан ӏедало кхел йинера, дозанал арахьара йухавирзича, берриг бахам, бакъонаш дӏа а йохуш, иза Сибрех вахийта. Амма Бакунин кхин Россе схьа ца веара. Германехь революци йолуш Дрезденехь хиллачу гӏаттаман куьйгалхойх цхьаъ волчу цунна прусски правительствос, цкъа, вен суд йина, йуха а, велла дӏаваллалц набахтехь валло сацам бира. Дукха хан йалале цара австрийски императоран каравеллачу цунна цигахь а изза кхел йира. Австрийски правительствос шен рогӏехь Николай ӏ-чуьнга дӏавелла иза, цкъа Шлиссельбургски набахтехь валлийна, тӏаккха Сибрех хьажийра. Кхо шо хьалха цигара ведда, Японехула, Америкехула хьаьвзина, Лондоне веанера иза.
Хӏетахь, Герценан хӏусамехь Бакунина жимма хан йоккхуш, иза гойла ца хилира Марксан.