хьалхалера а, хӏинцалера а дуьненан паччахьаш санна. Амма европейски цивилизацин паччахьаша лелийна а, тахана лелош йолу а къизаллаш оцу боданечу ламанхочо лелайарх, цунна билла бехк бац. Иза шен заманах, шен халкъан кхетамах возавелла стаг ву. Кху тӏехь господино Руновскийс йаздинчех цхьадерш бакъ ду, амма цхьадерш и сийлахь-воккха ламанхо сийсазван, ламанан къаьмнашна йуккъе мостагӏалла долла, цо ша йа официозни гайтамашца йаздиний-те олий а хета. Доцца аьлча, Андрей Никитич, кху чолхечу заманахь хала ду бакъ а, харц а къасто. Басталур боцу шад, уьйриг хилла, хьийза тахана хӏара дуьне.
– Суна-м кхин а дагадогӏу, – вистхилира хӏетталц тапъаьлла ӏийна Яшка. – И шун Шемал, цуьнан наибаш а къизаллина дукха гена хилла тхан паччахьна а, помещикашна а.
Андрей велавелира.
– Шен аьлларг хилча, и берриг помещикаш шен куьйга бойъур бара хӏокхо, – шен гӏоьнче дӏахьаьжира иза. – Хьолахо гича а, хьахийча а, бӏаьрга цӏий дуссу хӏокхунна.
– И хӏун ду? – хаьттира Берсас.
– Деха туьйра ду иза, – куьг ластийра Яшкас. – Цкъа хан хиллачхула дуьйцур ас.
Хьешашна лаьара хӏокху халкъан дӏадахнарг а, тахана долуш дерг а хаа. Маккхала а, Аьрзус а дийцира Шемалан, цуьнан наибийн а бӏаьхаллин гӏуллакхаш. Тӏаккха хьаьвззина таханлерчу дийне баьхкира. Керлачу ӏедалан харцонаш, къизаллаш йукъайевлира.
– Массо агӏор йуккъе зайлаш детташ, къаьмнаш вовшахкъестадо ӏедало, – доккха садаьккхира Андрейс. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан ӏедал а къиза хилча, хьал ца хуучара тхан халкъ бехке до. Халкъе хоьттуш хӏумма а ма дац ӏедалан. Цо лелориг халкъан бертаза ду.
– Халкъ бехке дац, Андрей Никитич, – элира Берсас. – Дерригенна бехке ӏедал ду. И харц ӏедал латточаьрга доьхур ду жоп а.
– Иштта хилча-м, хӏун дара, – гӏели хьарчо вуьйлира Васал. – Паччахьо а, ӏедало а, хьолахоша а кхин къаьмнаш хьийзадо, ткъа вайн оьрсийн халкъ, уккал а таӏийна, хьоьжуш ӏа.
– Бакъ дац иза! – реза ца хилира Яшка. – Оьрсийн муьжгаша цкъа а ца сацийна ӏедалан харцонна дуьхьал луьра къийсам.
– Вешан цӏахь майра ду вай! – цавешара Васал. – Шен къамкъарг ӏаьвдича, меттахволу оьрси. Ткъа кхечу къомах волчунна тӏехь оьрсийн ӏедало мел йаккхий къизаллаш лелайарх,