бакъонгахьа къийсам.
Шена гӏели а хьарчийна, кисет Яшке кховдийра Васала.
– Тӏаккха? Кхидӏа хӏун хилира?
– Байъинарш дӏабоьхкира, чевнаш хилларш лоьрашна тӏебигира. Муьжгаша йуха а шайн вортанаш помещикийн дукъа кӏел йоьхкира.
– Ас хоьттург-м хьан барин вай?
– Ас оцу буса, йуханехьа тхешан йуьрта а вахана, сайн баринан берриг бахам, чим беш, багийра, тӏаккха, Марфуша а эцна, къилбехьа ведира. Массара а бохура, кхузахь латта шорта ду, адам маьрша деха. Ткъа уьш берриш а аьшпаш хилла. Цхьатерра ду массанхьа а. Хьалдерш – къечийн кочахь. Амма дика адамаш а ду дуьненахь массанхьа а. Меца, тӏелхиг а даьлла тхойша кхуза кхаьчча, Андрей Никитича а, Наталья Кузьминичнас а, Дала ирсаца оьмар йахйойла цаьршиннан, тӏелецира. Хӏинца даа бепиг ду, коьрта тӏехь тхов а бу. Далла хастам беш ӏа тхойша.
– Шун баьччанах хӏун хилира? – дуьхе кхиа гӏертара ӏела.
– Антонаххий?
– Хӏаъ.
– Салташа шайца дӏавигира иза. Цхьаболчара дуьйцу, иза а, цуьнца кхин пхи муьжги а тоьпаш тоьхна вийна бохуш. Ткъа кхечара дуьйцу, инарло, шен духар цунна тӏе а дуьйхина, шен орденаш а йелла, шен пайтон тӏе а хаийна, паччахь волчу дӏавигна, паччахьо иза чӏогӏа везаш тӏеэцна бохуш. Антона паччахье дийцина помещикаша муьжгашна бина ницкъ, цара Безднахь адамаш дайъар. Тӏаккха паччахьо омра дина, муьжгашна тоьпаш йиттина дворянаш, леца а леций, Сибрех бахийта аьлла. Йуха а Антонан дехарца паччахьо, ша цӏахь а ӏийна, шен денваша Константин хьажийна Антонца. Веана кхаьчна и шиъ цхьана йуьрта. Ткъа оцу йуьртара муьжгий шайн дворянаш бойъуш хилла. «Собар, кӏентий, хӏун деш дохку шу?» – хаьттина, боху, Константина. «Хьан локхалла, тхо-м дворянаш бойъуш дара», – жоп делла муьжгаша. «Паччахьна доггах гӏуллакхдарна баркалла шуна, – хьаьстина цо муьжгий. – Байъа аш дворянаш, жӏаьлешна жӏаьлийн ӏожал хила йеза». Кестта паччахьан бакъ грамота а йохьуш, шен йуьрта вогӏур ву, боху, Антон. Хьанна хаьа, и бакъ ду, харц ду.
Яшкин дийцар ӏелина а, Мӏаьчигана а гочдира Васала. Дийцар сецча, хӏор а, ойланашка ваьлла, цхьана йукъана тийналла хӏоьттира. Васала а, Мӏаьчига а кӏур бира гӏелих. Жимачу уьрсаца чӏешалг цоьстуш ӏара Аьрзу. Шен карарчу