дарц дохьуш чувелира Коьра. Коьртара схьабаьккхина кхакханан месала куй а бегийна, чои тӏера ло а дожийна, пенах тоьхначу дечган хьостамах уьш хьала а оьхкина, мачаш дӏайаха охьахиира иза.
– Хьо мичахь вара, кӏант? – хаьттира дас лехаме.
– ӏелагӏаьргахь.
– Муьлш дара шу цигахь?
– Кегийраш. Берса а веана цига.
– Мичара ву шуьца волу кӏант?
– Симсарара. Олдаман кӏант ӏаьлбаг. Дӏайаханчу аьхка ломахь цхьаьна дара тхо.
Хӏаъ, Мӏаьчигна хезнера и кӏант вуьйцу. Аьрзус вийцира иза. Хене хьаьжна воцуш, хьекъале, хьуьнаре кӏант ву, бохура.
Мачаш дӏа а йаьхна паргӏатваьлла Коьра, охьа а ца вуьжуш, берзинчу когашца чухула дӏасахьийзара. Мӏаьчигна хаьара, иза цхьаъ ала лууш, амма ца хӏуттуш лелийла.
– Дада, кхана-лама берийн шолгӏа тоба йоьду лаьмнашка, – элира цо эххар а.
Дисинарг Мӏаьчигна кхеташ дара.
– Тӏаккха?
– Сан нийсархой тӏамна ӏемаш бу, ткъа со, къуьрдиг санна, кху цӏа а хиъна ӏа…
– Тӏаккха?
Кӏантана хаалора ден аз тӏаьхь-тӏаьхьа оьгӏазе стамлуш.
– Цхьа меттиг тӏехӏоттахь, со массарна а тӏехьа хир ву…
– Тӏехьа ду вай-м даим а, – хецавелира Мӏаьчиг. – Къен стаг даим а ву цӏоганехь. Хьуна иза хӏинцца хиъна? Хьо цигахь вуйла а хууш, лергаш таӏадай, ӏадъӏе. Нах-м шайн говрашкахь гӏур бара, ткъа хьо гӏаш-гӏуркхахь ваха воллура цига?
Нанас бӏаьцаш йеш а гина, цкъа дӏатийра Коьра, амма ша долийнарг йа чекхдаккха, йа догдиллина саца лиъна, тӏаьххьара а дехар дира цо:
– ӏелега говр йехахьа суна…
Шога жоп делла, кӏентан дог дохо а ца лиъна, вист ца хуьлуш сецира да. «Ванах, боккха болх бу-кх хӏара, пхийттара ваьлча а ца кхета-кх хӏара соьгарчу хьолах», – оьгӏазъоьхура иза. Амма кӏант човхо ца лаьара.
– Цо-м, дера, шега йехча, говр лур ма йара, кӏант. Амма йеха бакъахьа ца хета-кх, – элира дас, аз лахдина. – Кху аьхка а йигийтина цо хьоьга. Гӏиллакхе дац йух-йуха а йехар. Тӏехула тӏе, хьо цигашха дӏавохуьйтийла а дац вайн. Вайгарчу хьолах хӏунда ца кхета хьо? Хьо-х жима а вац, Коьра. Тӏехаа говр, божа шуьстий-м хьехор бацара ас, шуна йаа сискал, догӏмаш хьулдан тӏелхигаш ца леталуш, хала воллучу сан ойла йан а ца йо ахь? Ца го хьуна, тховса пӏерасканан буса Айзас сагӏина деанчу ахьаран канах йина чорпа а мелла, охьадийшина и