майра кӏант кху йуьртахь вац. Сайн нийсаршца йахь йу сан.
Да цуьрриг оьгӏаз ца вахара. Ах оьзна дӏа а йайъина, ша охьайиллина лоьдгах хьарчийна цигаьрка бага а йоьллина, хаьштигца и лата а йина, боккха баьккхина кӏур чутуьйхира цо.
– Къонахалле, майралле даьккхича-м, вайл ца тоьлура уьш, йоӏ. Хьоло толийна-кх. Цунна къера ца хилча ца довлу вай.
– Кхалхар саций ахь? – тӏаьххьара а йистхилира Зазу, ша къажбен тӏаргӏа охьа а биллина, гулйина латтийна настарш садаӏа дӏа а хоьцуш.
– Нах боьлхуш хилча, ца дахча довлий вай?
– Берриш-х ца боьлхий цига.
– Гӏуллакх галдаьлларш боьлху.
– Доккха хӏума ду-кх махкахдовлар… – йелхар иккхира Зазун.
Мӏаьчига аз айъира:
– Цӏийзар диталаш. Дукха дийцина вай. Бус-буса дуьйцуш. Тоьур ду. Мичча девлла а, рицкъа ца лехча ца довлу. Со-со а вац нехан йолахо хила реза. Амма кхин некъ бац. Йа и дан деза, йа къола дан деза, йа сагӏа деха деза. Тӏаьххьарчу шиннал гӏоли го хьалхарниг.
Коьра, шен берзина когаш цӏенкъа а бетташ, чухула дӏасахьаьвзира.
– Хортӏагӏара боьлхий цига? – хаьттира цо дега, цунна уллохь соцунгӏа а хилла.
– Мича?
– Хонкара.
– Ца боьлху, дера-кх.
– Товсолтагӏар, Ибрахӏим-Хьаьжагӏар, кхин а и тайпа нах?
– Царна кхузахь а дац вон.
– Вай хӏунда доьлху ткъа?
– Вайн аьтто бац, кӏант. Уьш, шайн теттина мохк а, даьхний а долуш бехаш нах бу, вай пекъаршна гатделла кхузахь хӏара дуьне.
– Царна мичара даьлла и хьал?
Мӏаьчига, жоп ца луш, доккха садаьккхира. Царна и хьал шаьш хьегначу къих ца ӏаьӏнийла хаар дара цуьнан садуург. Ӏаьӏӏа-кх, нах бухкуш, шаьш духкуш, гӏийланиг хьошуш, хӏаллаквеш. Шайн ден марчо а дуур дара цара.
– Хӏан-хӏа, дада, со реза а волуш гӏур дац вай Хонкара. Амма ахь бохург ца дича-м ца довлу тхо. Гӏалгӏазкхий, паччахьна йохкайелла вайнехан писашший кхузахь ког хецна ӏайтархьама, со винчу махках вала веза-кх? Цхьаболчара, Сибрех дохуьйту, боху, вукхара Хонкара кхелха, боху. Цул цхьаннахьа а ца дахча? Кху вешан махкахь летта делча?
– Кӏант, и Аьрзу а, Маккхал а, Берса а дика къонахий а, гӏийлачунна дика вежарий а бу. Амма церан хьехамаша нахана зулам дийр ду. Цаьрга ла ма дегӏа.
– Уьш бакъ ма лоь! – ша тешарг лардан хӏоьттира Коьра. – Сибрех дахийтахь а, лийр ду вай,